Республикин онкологин диспансеран куьйгалло хаам бо вайн республикин бахархошка: кхул тIаьхьа, рагI ларъеш, сахьташкахь хьежа дезар дац шайн хьашташ кхочушдархьама.

Товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна Республикин онкодиспансеран поликлиникин лоьре телефон тоьхна дIаязвала аьтто бу.
Лоьрана тIекхача луучо хIокху номерца телефон тоха еза: 8(928)943-59-98 я поликлиникин регистратурехь дIаязвала веза.
Дагадоуьйту: республикин Онкологин диспансеран поликлиникин адрес а, маршрутка а: Соьлжа-ГIала, Леоновн урам, цIа 81.
«Беркат» автостанцера №27 йолу маршрут, телефон: 8(8712)22-63-85.
ХIара хаам Онкодиспансеран Инстаграм чуьрчу агIонехь бу.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№67, товбецан (сентябрь) беттан 6 де, 2019 шо