Нохчийн пачхьалкхан университете 2019-чу шарахь деша веана кхечу пачхьалкхера 220 студент. ДIадаханчу шарца дуьстича 30 процентана алсам бу уьш. Иштта хаам бо Нохчийн пачхьалкхан университетан пресс-службо.

– ТIеэцаран комиссин жамIашца, 220 абитуриента чуделла документаш. Царах дукхахберш лерринчу программица доьшур долуш бу. ХIокху шарахь уьш 30 процентана алсам бу стохка деша баьхкинчаьрца дуьстича, – билгалдаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан дуьненаюкъарчу зIенийн отделан хьаькама Цебиева Таисас.
Деша баьхкина кегийрхой Казахстанера, Туркменистанера, Мисарара, Корейра, Нигерера, ГIажарийчуьра бу.
Эсаран (октябрь) баттахь чекхболу абитуриенташ вузе деша схьаэцаран мур.
З.ЦЕНТОРОЕВА
№67, товбецан (сентябрь) беттан 6 де, 2019 шо