Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин директора Дудаев Ахьмада дийцина республикехь хиллачу шина тIамца йоьзна мел йолу видеоматериалаш шаьш «гулъяран» Iалашонах лаьцна.
Цо дийцарехь, шина шарахь телерадиокомпанин аьтто хилла 400 сахьтан видеоматериалаш гулъян. Царах дукхах йолу материалаш «эксклюзив» билгалонца къасто мегар йолуш ю.
«Оцу муьрехь 400 сахьтан йохаллехь йолу видеоконтент вовшахтоха аьтто хилла тхан. Контент тIеман хиламийн а, саьлнашка ерзийначу яртийн а, шахьарийн а, культурин тIаьхьалонан объектийн а видеох а, интервьюх а, хIетахь республике политикин а, юкъараллин а гIуллакххой эхарх а лаьцна ю», – билгалдаьккхина Дудаев Ахьмада.
Архив гулъярехь а, вовшахтохарехь а телерадиокомпанина жигара гIо деш бу Нохчийчоьнан бахархой а, Россин пачхьалкхан телеканалаш а, цIеяххана йолу хаамийн агентствош а.
«ХIунда оьшуш ду иза?!.. ТIом газа а, тIом хIун ю ца хууш а долу чкъор кхиъна нохчийн. Зуламхошна уьш Iехо а, лебан а атта бу. Ткъа оха и видеоконтент хIунда гойтуш ю? Оцу чкъурана тIом хIун ю гайтаран а, цунах халкъана а, махкана а болуш болу «пайда», мабарра, дIагайтаран а Iалашонца. Таханлерчу дийне кхачархьама, нохчийн халкъо а, махко а мел боккха «мах» дIабелла хаийтархьама», – элира цо.
Гулйина йолу материалаш «Грозный» телерадиокомпанис тайп-тайпанчу проекташкахь лелош ю.
«Оцу материалийн буха тIехь «Соьлжа-ГIала – хиллачун IиндагIаш» акци дIаяьхьира оха – дийнахь сарралц, телеканалан эфирехь, и материалаш а гойтуш. Иза юха цахилийтархьама «гулдина» оха хилларг», – олуш, дерзийра шен къамел Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин директора.
И.СУЛИМОВ
№67, товбецан (сентябрь) беттан 6 де, 2019 шо