Республикехь 52 маьждиг ду деш

Карарчу хенахь 52 маьждиг ду Нохчийчохь деш. Царах 12 маьждиг рузбанан хир ду, ткъа кхидерш – жамаӀатан. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин векалша.

Царах 3 маьждиг пхиппа эзар стагана лерина хир ду. Соьлжа-ГӀаларчу Мичуринан цIарахчу поселкехь а, Курчалойн кӀоштарчу Майртуьпахь а, Шелан кӀоштарчу Эвтарахь а деш ду и маьждигаш.

Цул сов, Гуьмсан кӀоштарчу Гезлой-Эвлахь деш а ду 2 эзар стагана лерина маьждиг.

Билгалдаккха догӀу и маьждигаш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин гӀоьналлин фондан чоьтах деш хилар.

Иштта, хууш ма-хиллара, тIаьхьарчу пхийтта дийнахь республикехь 2 маьждиг схьадиллина: хьаьттан беттан 23-чу дийнахь Шелахь а, оццу беттан 31-чу дийнахь ГаланчIожахь а.

Курчалойн кIоштарчу Майртуьпахь деш долу маьждиг некъан бохамехь кхелхинчу Шелан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъан куьйгалхочун Мусаев Тамерланан цIарах хир долуш хилар а дагадаийтина Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллехь.

Цу тIе, муфтиятехь хаам ма-барра, билгалдаьхначу маьждигашна юкъахь дац некъашца деш долу ламазан цIенош – уьш а ду республикин кIошташкахь иттаннашкахь деш.

И.АДАМОВ
№67, товбецан (сентябрь) беттан 6 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: