Махбоцу беркат ду нохчийн халкъан барта кхолларалла. Iаламат дукха турпалаллин иллеш ду цунна юкъахь. Цара бовзуьйту вайна, вешан къоман дозалла хилла, халкъан иэсехь беха турпалхой. Царах бу: Эвтархойн Ахьмад, Шотойн Аьстамар, Мадин Жаьммирза, дог майра Вара, иштта дIа кхин а. Церан могIарера турпалхо ву Таймин Биболат а.

Мел халахеташ делахь а, вайна кIезиг хаьа цуьнан чолхечу дахарх а, къаьхьачу кхолламах а дерг. Цхьана а кепара шеко йоцуш, дерг цхьаъ ду: Таймин Биболат вуьззина къонах хилла, доккха доьналла, кIорггера хьекъал, шовда санна, хьаьъна, сирла, сема кхетам болуш.
Шен дай баьхна латта сил дукхадезаш, яхь йолуш кIант а, мехкан воI а хилла Биболат. 30 шарахь сов нохчийн къоман маршонехьа къийсам латтийначарах цхьаъ ву иза. Цундела йисина цуьнан цIе халкъан иэсехь.
Таймин Биболат вина де, уратталла бутт хууш дац. Оьрсийн хьостанаша чIагIдарехь, иза дуьнен тIе ваьлла 1779-чу шарахь, Нохчийчуьрчу Шелан кIоштарчу цхьана кIотарахь. Тайпана билто хилла иза. Куьцехь, хаза, товш стаг хилла. Цхьана хенахь Шелахь юьртда хилла ву иза.
Пхийттараваьлчахьана, герз карахь, нохчийн къоман маршонехьа къийсам латтош хилла ву.
Къилбаседа Кавказан имам хиллачу Ушурмин (Шайх Мансур) боламехь дакъалаца ца кхиънехь а (ханна жима хиларна), 1794-чу шеран оханан (апрель) беттан 13-чу дийнахь Ушурма кхалхарх, маршонехьа цо дIаболийна къийсам ца соцуьйтуш, доьналлица дIакхехьнарг ву Биболат.
1802-чу шарахь, шеца кхин ялх нохчи волуш, Теркал дехьаваьлла, гIалагIазкхийн кардонна тIелетта иза, 11 салти вуьйш, герз доккхуш. 23 шаре вирзина жима стаг хилла Биболат оцу хенахь. Иштта, толамийн киртигаш дукха хилла цуьнан дахарехь.
25 шо кхочуш, ерриге а Кавказехь цIеяххана бIаьхо хилла иза. Цундела иллешкахь яха йисина цуьнан цIе. Нохчийчоьнан массо а маьIIера хьекъале къаной гуллучу мехкан кхиэлехь, къоман баьчча хаьржина хилла иза.
ТIаьхьо, Нохчийчоьнан 104 юьртара къано вовшахкхеттачу халкъан кхеташонехь мехкада хаьржина а. ТIаккха хаа мегар ду шех бакъволу къонах ала хьакъ долуш нохчийн къоман тешаме кIант иза хиллий.
Дера цо маслаIатан некъаш а ма лехна, оьрсийн паччахьан эскаран инарлашца дукха къамеле вийлар а ма нисделла.
Оьрсийн паччахьаша, Кавказана Iуналла дан а, шайн маршо лоьхучу ламанхойн гIаттамаш хьаша а схьахьовсош хилла инарлаш бевзина, цаьрца шуьне хийшина ву Таймин Биболат.
Цунна къеггина тоьшалла ду 1807-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 27-чу дийнахь Шеларчу юьртадех Таймин Биболатах йолу шен ойланаш йовзуьйтуш, инарла Гудовича инарла Румянцевга яздина кехат.
Гудовича дийцарехь, Таймиев Бейбулат чIогIа хьекъал долуш а, шен махкахоша лоруш а стаг ву, иза чин луш, алапа билгалдаьккхина Iедалан балха дIахIотто мегар волуш а ву.
Гудовичан дехар Румянцевс оьрсийн паччахье Александр-Хьалхарчуьнга дIакхачадо. Паччахьан омранца Таймин Биболатана поручикан чин ло, детин ахчанца алапа хIоттадо.
КIорггера хьекъал долуш волчу Биболатана гуш дара луларчу къаьмнийн машаречу хоршахь долу дахар.
Оьрсийн паччахьан Iедало, шегахь йолчу таронца, кхоьллина цхьацца бIегIийлаш яра царна: школаш, лазартнеш, туьканаш.
ХIирийн а, гIебартойн а, иштта кхечу къаьмнийн а бераш доьшуш дара. Ткъа нохчийн берашна оьрсийн дешар Iамош вайн махкахь цхьа а школа яцара.
Уьш оьший а, нохчийн къоман кхане дешарца юй хуучу Биболатна лаьара вайн бераш дешаран серлоне кхевдийла, царна юкъахь Iилманчаш кхуьийла. Амма инарла Гудовичца бина барт гена ца белира.
1809-чу шарахь Кавказе тIеман баьчча Тормасов Александр Гудовичан метта веара. Кхиболу инарлаш санна, иза нохчийн ярташ яго волавелира. Оьрсийн эскаран инарлаша олалле ерзийначу харцоно догъэшийна Биболат шен къомехьа велира, тIамо бен тIом юха ца тухий хууш.
Шина шарахь буьрса кхихкинчу тIемашкахь нохчийн гIаттам шайга хьаша ца белча, оьрсийн эскаран векалш маслаIатан некъ леха буьйлира. Цара Тифлисе дIавийхира Таймин Биболат. Цо деха къамелаш дира Тормасовца.
Эххар а, цушиннан барт хилла хилар гойту 1811-чу шеран хIутосург (май) беттан 31-чу дийнахь дошлойн эскаран инарлас Тормасов Александра инарла-лейтенанте Мусин-Пушкине яздинчу кехато.
Цу тIехь инарлас хаам бо, ша волчохь нохчийн баьчча Таймин Биболат хилла хиларан, цунна чин юхадерзо а, алапа далар карладаккха а дезаш хиларан хьокъехь.
Иштта, оьрсийн хьостанашкахь дукха тоьшаллаш ду Таймин Биболат инарла Ермоловца цхьаьнакхеташ хилла хиларх а, цуьнца шен хиллачу къамелашкахь цо машаран гечонаш лехна хиларх а.
XIX-чу бIешеран 30-чу шерийн юьххьехь ша язйинчу «Путешествие в Арзрум» говзар тIехь оьрсийн поэта А.Пушкина хьахаво вайн махкахо.
Цо дуьйцу 1829-чу шарахь ша инарла Паскевич волчохь хьошалгIахь хилла хиларх а, шайца цхьаьна шуьнехь Таймин Биболат а, кхин ши нохчи а Iийна хиларх а лаьцна.
Боккхачу ларамца хьахаво Пушкин Александра, хаддаза кхехкачу буьрсачу тIамехь маслаIатан некъаш лехна, Таймин Биболат.
«Славный Бейбулат. Гроза Кавказа» яздо оьрсийн поэта вайн башхачу махкахочух лаьцна. Баккъал а, ерриге а Кавказана маршоне боьду некъ серлабоккху ткъес хилла чекхвала там болуш вара Биболат.
Ша дечу къамеле Россин инарлашка ладогIийта, шен лааме церан ойла карчо хьуьнар, кIорггера хаарш, ира хьекъал, политикин хьолана само йолуш стаг хилла иза.
Дукха ду, маслаIат лоьхуш, цо дина диканаш. Уьш кхин а алсам хила тарлора, амма 1831-чу шеран мангалан (июль) беттан 14-чу дийнахь гIумкичун Эльдаров Солта-Гирин карах даьллачу герзо, кхин цкъа а ца гIаттийта, вожийна 54 шо кхаьчна нохчийн мехкан да – Таймин Биболат.
ТIаьхьа Iедало дIакхайкхийра: «1822-чу шарахь Таймин Биболатан карах Солта-Гирин ден Маьхьтин валар хиларна, кIанта шен ден чIир эцна», – аьлла.
Ткъа Таймин Биболат оьрсийн паччахьан Iедалан векал хилар цхьамма а тидаме ца ийцира.
Iедалан векал хиллехь а, инарлийн лай вацара нохчийн къонах, цундела хала ца лайра «акхачу ламанхойх» ца бешачу оьрсийн эпсарша нохчийн бакъволу къонах дIавалар.
Царна гергахь цхьа нохчи новкъара дIавалар а, Таймин Биболат санна волу майра кIант муххале а, мерза кхаъ бара.
Оьрсийн инарлаша даима ларбеш хилларг шайн синтем бу, кхидолчуьнца бала болуш наггахь стаг а ца волу.
Бакъду, нохчийн халкъана боккха иэшам бара Биболат дIавалар.
Цуьнан цIарца йоьзна яра вайнехан машаречу кханенах йолу дегайовхо, сатийсамаш.
Дагца къобалвина, халкъо хаьржина баьчча вара иза.
А.АРАПХАНОВА
№67, товбецан (сентябрь) беттан 6 де, 2019 шо