Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Абу-Дабин тIаьхьалонан элин а цхьаьнакхетар хилира

Абу-Дабин тӀаьхьалонан элица, Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн эскаран Коьртачу буьйранчин заместительца шайх Мухьаммад бен Зайд аль-Нахайянца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхо.

Цигахь дийцаре дира Нохчийчоьнан а, Ӏаьрбийн Эмиратийн а вовшашца йолу зӀенаш кхидӀа а чIагIъяран хьокъехь долу гӀуллакх.

Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, и зӀенаш экономикин а, культурин а, спортан а, дешаран а дакъошкахь ю.

Цул сов, тидамза ца йисира гӀараяьлла йолу UFC242 турнир а.

Иштта, наной буьйцуш, шайх Мухьаммад бен Зайд аль-Нахайяна хаийтира шайн нанна Кадыров Рамзан шен кӀант санна везаш а, цо иза чӀогӀа лоруш а хилар.

Цу тӀе, Несин Айманин могашалла хаьттина ца Ӏаш, цуьнга маршалла дӀадалар а дийхира Абу-Дабин тӀаьхьалонан элас.

Ткъа Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, шен декъехь, Несин Айманис а маршалла даийтина хилар – шайх Мухьаммад бен Зайд альНахайяне а, цуьнан нене шайха Фатима Мубарак аль-Кетбига а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн халкъе а.

Оцу цхьаьнакхетарх лаьцна ВК чуьрчу шен агIонехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхина шайх Мухьаммад бен Зайд аль-Нахайянца ша воккхахволу ваша санна лоруш хилар.

Нохчийчоьнан Куьйгалхо шайн махка вогIуш хилар а, цуьнан а, шен кIентан а цхьаьнакхетар хирг хилар а хиъначу шайха Фатима Мубарак аль-Кетбига, ша кеч а бина, шайн къоман кхача баийтинера Кадыров Рамзанна.

Иза, Iаьрбийн Iадаташца дуьстича, тIехбоккха ларам болчу хьешаца хIоттош долчу гIиллакхан цхьа дакъа ду.

И.АДАМОВ
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: