Р.Кадыровс Iашурин денца декъалбира бусалбанаш

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бусалбанаш сийлахьчу Iашурин денца декъалбеш кост яздира ВКонтакте социалан сетерчу шен агIонехь.

«ТIекхаьчна Iашурин де, – яздо Кадыров Рамзана, – Везачу АллахI-Дала кхоьллинчу денойх уггаре а сийлахьдезачарех цхьаъ ду иза. И де бусалбанаша марха кхабарца, дика Iамалш ярца, шайн доьзалшна, гергарчарна, уллерчарна алссам терго ярца билгалдоккху».

Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, шена «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iашурин дийнах санна пайдаэца гIерташ (оцу денна хьакъ дIалуш, цу дийнан сий деш) де кхидолчу деношкахь гина дацара» аьлла.

Оцу Iашурин дийнахь марха кхабарх лаьцна шега хаьттича, Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «ДIадаханчу шеран къиношна Дала гечдаре сатуьйсу ас».

Иштта, хууш ду, Сийлахьчу АллахIДала оцу дийнахь фирIунан эскар хи буха а дохуьйтуш, Муса пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) а, цуьнан асхьабаш а кIелхьарабаьхна хилар.

«Имамаша билгалдоккху Iашурин буьйсанна дагахь я хезаш «Сан нийят ду кханалерчу Iашурин дийнахь Делан дуьхьа суннат марха кхаба» аьлла, нийят дан дезаш хилар. Везачу Дала къинхетам бойла вайх!», – яздина Р.Кадыровс.

А.ВАХАЕВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: