ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Сафия» даздарийн цIийнехь, «Чеченгазпром» дозатоьхна жоьпалла долу юкъаралла кхоьллина 60 шо кхачарца доьзна, даздаран мероприяти дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер Магомадов Iабдул, «Чеченгазпроман» коьрта директор Баймурадов Лом-Iела, «Чеченгазпроман» белхахой, кхиберш.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо шен къамелехь билгалдаьккхира и предприяти 1959-чу шарахь кхоьллина хилар а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шина тIамехь хIаллакдина долу республикин газан дакъа юхаметтахIоттор коьртачу декхарех цхьаъ лоруш хилла хилар а.
Р.Кадыровс дийцарехь, «Чеченгазпромо» дIабаьхьна боккха болх. Йина керла газаца кхачояран станцеш, ехкина газан биргIанаш. Цкъа а газ ца хиллачу лаьмнийн ярташна а тIехь газаца кхачойина.
– Тхо даккхийдедо «Чеченгазпром» тахана республикехь уггаре а сиха кхуьуш йолчу предприятех цхьаъ хиларх. Цо дикачу агIор тIеIаткъам бо социальни-экономикин хьолана. Нохчийчоьнан газан-транспортан система 900 километр йохалла йолуш ю. 540 сов белхахо ву «Чеченгазпроман» коьртачу директора Баймурадов Лом-Iелас куьйгалла а деш, хьанал къахьоьгуш», – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Баймурадов Лом-Iелас тIом чекхбаьллачу муьрехь газан дакъа меттахIоттош а, республикин газан-транспортан система кхузаманан хьелашка ерзош а, белхахой балха нисбеш а, къона говзанчаш балхана юкъаозош а къахьегна хилар.
Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, Л-I. Баймурадовс лаккхарчу тIегIане баьккхина предприятин болх.
Иштта, Р.Кадыровс Л-I. Баймурадовна Баркаллин кехат а делира, ООО «Чеченгазпроман»-н юбилейца гулбелларш декъал а бира, церан ирс а, аьтто а, кхиамаш а, могашалла а хилар шена лууш хилар а хаийтира.
Вице-премьера Магомадов Iабдуллас «Чеченгазпроман» дика болх барца билгалбевллачу белхахошна Сийлаллин грамоташца а, ахчанца а совгIаташ дира.
Нохчийн эстрадин иллиалархойн концертан программа а гойтуш, дIадаьхьира даздарш.
I.МУРТАЗОВ
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо