Соьлжа-ГIалахь, товбецан (сентябрь) беттан 11–19-чуй деношкахь, Россин Федерацин театрийн гIуллакххойн союзан а, Россин культурин министерствон а дIадолорца а, «Театран шо – 2019» аьллачу проектан а гурашкахь къаьмнийн театрийн Ерригроссин «Федерация» фестиваль хир ю.
Оцу деношкахь Нохчийн Республике схьагуллур ю Россин тайп-тайпанчу регионашкара театраш. Уьш ю: ГIезалойн, Дагестанан, Башкортостанан, ГIебартойн-Балкхаройн, Комин, Хакасин, Якутин (Саха), Адыгейн, Мари-Эл республикийн а театраш.
Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман драмин театран а, М.Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан оьрсийн театран а, I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонин а сценашна тIехь тоьлла спектаклаш гойтур ю.
«Федерация» фестиваль иза – Россин къаьмнийн театрийн седанийн кочар ала хьакъ долуш, Россин Федерацин халкъашна юкъахь культурин, доттагIаллин уьйраш чIагIъеш, федеральни тIегIанехь фестиваль хир ю.
Лакхахь юьйцучу театрашкахь а, филармонехь а дIахьонйолу мероприятеш маьхза хир ю.
Оьшуш болу хаам хIокху телефонашкахула хаа йиш хир ю: 8(928)895-51-41; 8(928)786- 05-43; 8(928)021-05-49.
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо