Вайн республикин кIошташкахь а, ярташкахь а кхуьу кIайн а, Iаьржа а комарш. Хьалха-хьалха, аьхкенан муьрехь, чIогIа юура уьш, къаьсттина бераша. Ткъа баккхийчара царах варенеш йора.
ТIаьхьарчу шерашкахь дуккха а лахделла комарех пайдаэцар. Комарийн дуккха а дитташ хьаькхна дIадаьхна. Масала, Шела шахьарний Гермачиг юьртаний юккъехь комарийн йоккха аре яра. Цигара комарш яа а, лахьо а кхечу ярташкара а бераш догIура. ХIетахь кица а дара вайна юкъахь лелаш: «Комарш а яий, лийча гIуо», – олуш.
Вай комарех пайдаэцар дIатосуш делахь а, иза дуккха а цамгаршна дика молха ду. Гастрит, энтероколит, дисбактериоз, кхечу цамгаршна дарба долу комарш йиъча.
Ламасталлин медицинехь пайдаоьцу комарийн диттийн гIанех. Ша аьлча, комарийн гIаш кхехкийна даьккхина мутт дика ду шекаран диабет йолчарна.
Ширачу заманашкахь дуьйна нохчаша дарбане лоруш хилла комарш а, комарийн диттийн гIаш а, орамаш а. Халкъан дарбанчашна хетарехь, Iаьржачу комарел кхузза пайде ю кIайн комарш. Дагар хьаладаьлча, комаран орамаш кхехка а дина, цуьнан мутт доккхуш хилла. Иза чайнан метта молуш хилла.
Иштта, комарех а, комарийн орамех а даьккхинчу муттанца дарбадеш хилла шелвеллачунна а, пехаш (бронхит) лозучарна а. Оццу орамаша охьабоккху таIам (давлени) а, къаьсттина кIайчу комаран орамех даьккхинчу муттано.
Цомгаш ца хилийта хIора шарахь 2–3 кийла комарш яа еза олуш дара вайн дай-наноша. ХIетахь уьш, чIогIа еза а езаш, яа а юура, цундела гурахь а, аьхка а шелонан сиркхонаш а ца хуьлура.
В.МАДАЕВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо