«Синмехаллаш» фестиваль-конкурс дIаяьхьира Хьачарахь

Туристийн «Ведучи» комплексехь дIаяьхьира рогIера «Синмехаллаш» фестиваль-конкурс.

Туристийн комплексехь цхьаьнакхийтира Грозненски а, Шуьйтан а, Шаройн а кIоштийн администрацин а, интеллигенцин а векалш, юкъараллин гIуллакххой а.

Шайн хаарш а, хьуьнарш а къовсуш яра Грозненски а, Шуьйтан а кIоштийн командаш.

Конкурсан тайп-тайпанчу номинацешкахь, командин декъашхоша, шайн вокальни хьуьнар, къоман музыкин инструменташ лакха хаар, ткъа иштта, нохчийн къоман гIиллакхийн а, ламастийн а дакъошкахула долу шайн хаарш довзийтира.

Конкурсан жюрин жамIашца Шуьйтан кIоштан командина 118 балл а, Грозненски кIоштан командина 115 балл а елира.

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира: «Дог а догIуш, хаза а хеташ хьаьжира со конкурсехь дакъалоцучу командийн ловзаршка. Шина а командо кечйина номерш чулацаме, хаза яра. Актерашна хаьара хьовсархойн дегнашна тIекхача. ХIокху тIаьхьарчу масех шарахь республикин телевиденин «Синмехаллаш» фестиваль-конкурс дIаяхьаро доккха маьIна леладо нохчийн халкъан гIиллакхаш а, ламасташ а довзийтарехь а, марздарехь а. Воккхачунна а, жимачунна а шо-шаре даларца езалуш хилар хаало «Синмехаллаш» конкурс. Къаьсттина дагна хьаам беш ду, иза, кегийрхошна хазахеташ хилар. Уьш бу дайх йисина культура лара езаш а, Iалашъян езаш берш».

З.ЦЕНТОРОЕВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: