Веданан кIоштарчу туристийн «Къоьзана» базин директора Успанов Юнис дуккха а диканиг а, керланиг а деш ду Къоьзан Iомана Iуналла дарехь.

Ша жигара лелош йолчу инстаргам социальни сетехь, Юнис хаам бира Нохчийчу Бельгера дайверш баьхкина хиларан хьокъехь. Уьш бахкаран Iалашо, цкъа делахь, Къоьзан Iоман бух таллар а, цул тIаьхьа, ГаланчIожан Iам таллар а ю.
Бельгерчу экспедицина коьртехь ву вевзаш волу дайвер Ранси Джемери, ткъа цуьнан команда вайн республике ялош веанарг Бельгехь Iаш волу вайн махкахо Хасанов Асланбек ву.
Оцу экспедицин декъашхой бу, дайверш: Морий Адрес, Карбажо Джулиан, Керис Мишель. Товбецан (сентябрь) беттан 1–9-чуй деношкахь дIаяьхьира Iилманан талламаш баран экспедици. Товбецан (сентябрь) беттан 2-чу дийнера 4-гIа де кхаччалц, Къоьзан Iоман буха кхаччалц чубахара уьш.
Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин туризман министерствон гIоьнца «Divemonkey» клубан декъашхой шайца схьаеанчу кхузаманан тоьллачу техникица ГаланчIожахь болчу Iома тIекхача дагахь а бара, цигахь а изза талламаш дIабахьа.
Зеделларг долу дайверш, адам а, техника а тIекхача аьтто боцчу меттигашкахь хилла бу. Цара теллина Индин, Желтойчоьнан, Италин, Германин, Францин, Хонкаран, Голландин, Мисаран, Мальдивийн гIайренийн, хIордаш а, Iаьмнаш а.
Туризман министра Байтазиев Муслима билгалдаьккхира: «Тхан министерствос, шен ницкъкхочучу агIор, гIо дира Бельгерчу дайверийн клубан декъашхошна. Вайн пачхьалкхе кхача бакъо йоккхуш визаш кечъярна тIера, корматаллин гIирсаца кхачо яран биста кхаччалц».
Талламаш бина бевлча хуург хир ду цара бинчу белхан жамI.
Къоьзан Iомах лаьцна дуьйцу шира дийцарш, я бакъ дина а я харц дина, къасториг хир ду эххар а.
З.ЯХЪЯЕВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо