Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон лоьрийн делегаци Израилан коьртачу (Тель-Авив) шахьарарчу Ассута клиникехь хилира. Цу юкъахь вара: министран гIоьнча Амбросов Михаил, министерствон штатехь воцу говзанча-рентгенолог Дунаев Сайхан, Туберкулезаца къийсам латторан республикин диспансеран коьрта лор Лорсанов Сулейман.

МогашаллаIалашъяран министерствон пресс-службо дийцарехь, Нохчийчуьра лоьраш Израилерчу «ШолгIа тIечIагIдаран» экспертан туьше баханера церан зеделларг довзархьама а, Ассута клиникица уьйр тасархьама а.
– ХIара санна йолу некхан уьнан цамгарийн диагностика яран экспертан туш Соьлжа-ГIалахь а схьаелла ойла ю тхан. Лаккхарчу технологийн диагностикин туш схьаелларо онкологи а, туберкулез а санна йолу цамгарш, юьхьанца, кхоллалучу хенахь, гучуяха гIо дийр ду, царна нийса дарба лелорехь пайде хир ю. Ткъа оцу «ШолгIа тIечIагIдаран» туш бохучун маьIна, белхан дIахIоттар муха ду аьлча, кIоштийн больницашкара а, республикин медицинин учрежденешкара а массанхьара а рентгенийн суьрташ хIокху туьшан базе кхочу (онлайн рожехь, интернет зIенехула), ткъа цул тIаьхьа, лаккхара зеделларг долчу говзанчаша, шайн сацам тIеоьцуш, диагнозаш хIиттайо. Меттигерчу лоьрийн хилла ца Iаш, кхечу лоьрашна хетарш а хьесапе эцна хир ду дарбанаш лелор. ХIара проект вайн республикехь дуьххьарлера «пилотни» проект хир ю ерриге Россехь а. ХIара мехала проект Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца кхочушйийр йолуш ю, – билгалдаьккхира МогашаллаIалашъяран министерствон пресс-службин хьаькама Ильясов Iадлана.
Министерствон хаамашца хIинцале А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондо флюорографин талламашна 15 мобильни аппарат а, иштта, 3 рентген-аппарат а эцна.
Товбецан (сентябрь) баттахь Соьлжа-ГIала схьакхочур бу буьйцуш болу медицинин гIирсаш.
Цул тIаьхьа, хIокху гуьйранна дуьйна, Соьлжа-ГIалахь болх бан йолалур ю «шолгIа тIечIагIдаран» экспертан туш.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо