Медикин-санитарин хьалхара гIо даран служба кхуьуш ю

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос кхочушъеш ю «Медикин-санитарин хьалхара гIо даран служба кхиор» регионан проект.

Цуьнан коьрта Iалашо ю медицинин гIо оьшучу бахархошна лоьрана тIекхача сихо яран а, деш долу гIуллакх, кхачо йоллуш, дика дайтарна некъаш карор.

Иштта, 2024-гIа шо кхачале, медикин-санитарин хьалхара гIо даран медицинин организацийн керла «моделаш» юкъаялор ю вайн республикин 35 медицинин учрежденехь.

МогашаллаIалашъяран министерствон 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 31-чу дийнахь №24 йолчу омранца билгалъяьхна оцу программин гурашкахь 2019-чу шарахь болх бийр болу медицинин учрежденеш. Уьш ю: Соьлжа-ГIалин №1 йолу Берийн поликлиника, Соьлжа-ГIалин №2 йолу Берийн клиникин больница, иштта, Берийн №3, 4, 5 йолу поликлиникаш а, Соьлжа-ГIалин №1, №2 йолу поликлиникаш а.

Оццу программин шолгIа декхар ду 101–200 эзар вахархо волчу юьртана, уллехь цхьа а медицинин учреждени яцахь, оьшуш долу хьалхара гIо дан, йолу меттиг оцу юьртана 6 км. генахь елахь, цигахь, 2019-гIа шо чекхдалале, йина яьлла хила езаш ю фельдшеран а, фельдшеран-акушеран а 9 пункт.

Карарчу хенахь Нохчийн Республикехь болх беш 140 фельдшеран-акушеран пункт а, 4 фельдшеран пункт а, 66 лоьрийн амбулатори а ю.

З.ХИЗИРОВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: