Товбецан (сентябрь) беттан 4-чу дийнахь Малхбален экономикин форуман гурашкахь Роспотребнадзоро официальни болчу кхайкхамца дIайолош ю гриппана дуьхьал прививкаш яран Ерригроссин кампани.

Роспотребнадзоран сайта тIехь болчу хаамашца пачхьалкхан а, дерриге а дуьненан а иммунопрофилактикин а, эпидеомиологин а, биологин а кхерамазаллин хьал даима а тидамехь а, коьрта а ду.
Россин кхиамаш, дуьненаюкъарчу эпидемиологин хьолаца дуьстича, дика бу. Экономикин форуман берриге а дакъалацархойн леррина кечйинчу медицинин кабини чохь шайн могашаллина таллам байта аьтто бира, иштта, гриппана дуьхьал маьхза прививкаш яйтина, сертификат схьаэца йиш йолуш а бара.
Вакцинина юкъахь гриппан вирусан штаммаш ю. Уьш хилар коьрта ду эпидемин муьрехь. Говзанчаша чIагIдарехь, грипп – иза уггаре а хала вирусан цамгар ю, хIаваэхула а, тIуналлехула а дIасаяьржаш йолу. Цхьана хенна дуккха а адамех хьакхалуш ю иза. Грипп вайх муьлххачух хьакхаяла турлуш ю.
ХIора шарахь, эпидеми йолчу муьрехь, дуьнен чуьрчу 5–10 проценте кхаччалц долчу адамашна кхеташ ю грипп. Кхечу дешнашца аьлча, дуьнен чуьрчу 1 миллиард стагана кхеташ ю грипп.
МогашаллаIалашъяран дерригдуьненан организацин (ВОЗ) хьесапашца хIора шарахь 650 эзар стаг кхелха оцу цамгарх. Цундела шен хеннахь гриппана вакцинаци яр уггаре а ондда дуьхьало яр ду.
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо