Соьлжа-ГIалин селханенах

Къоначарна моттадала тарло Нохчийн Республикин коьрта шахьар Соьлжа-ГIала даима а иштта хаза хилла. Юьхьанца дуьйна, тахана санна, шортта бегIийлаш хилла, вайнехан Iер-дахар тодеш, моттадала тарло кегийчарна. Иза аьттехь а дац.

2018-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Соьлжа-ГIалахь даккхий даздарш дIадаьхьира нохчийн коьртачу шахьаран 200 шо кхачар билгалдоккхуш. Амма иза данне а дац юьллуш дуьйна иза гIала яра бохург а, шайн лаамехь маьршачу адамаша йиллина яра бохург а.

1818-чу шеран гурахь инарла Ермоловс Соьлжа хин йистошца йоьгIнарг гIап ю, вайнахана кхерам тосуш, «Грозная» цIе а туьллуш.

Цул сов, XVI-чу бIешарахь дуьйна тIемаш латтар бахьана долуш, итт сов нохчийн юрт ягийначу меттехь йоьгIна ю «Грозная» гIап. Нохчийчоьнах ойла хьерчаш малхбалера, малхбузера мостагIий вайна тIегIертар а ларамаза ца хилла.

Дукха хенахь дуьйна, вайнехан «мехкадаьтта» цIе йолуш лаьттах схьайолуш хьоналла хилла, шеца алссам пайда а болуш. Цунах дарбанийн тIуналла йоккхуш хилла, бахамехь оьшучунна хьакхар доккхуш хилла, буьйсанийн бода къахкош хаьштигаш деш хилла, тIаьхьа чиркхашна чу дуттуш хилла и мехкадаьтта.

1653-чу шарахь оьрсийн паччахье Алексей Михайлович Романовга Москва дахьийтинчу кехата тIехь, вайн латтанаш Россин долахь лоручу Аштаркханерчу бIобаьччано И.П.Пронскийс Нохчийчоьнна гIажарий а, жIайхой а цхьаьна тIелатарх долчу дIахьедарехь хаам бо, арахьара тIебаьхкинчу мостагIаша, хаттар-алар доцуш, Теркан раьгIнашца долчу вайнехан мехкадаьттанах эвхьаза кадетташ хиларан хьокъехь.

Пронскийс динчу дIахьедарехь питанан да Таркхойн Шовхал ву. Цуьнца луьра къийсам дIахьош нохчий хиларх лаьцна а хаам бо Аштаркханерчу бIобаьччано.

Вайн мостагIашна Нохчийчоьнан маьIданех дерг XVII–XVIII-чуй бIешерашкахь дуьйна хууш хилла. Вайн махкарчу маьIданийн Iилманан буха тIехь талламаш бар дIадолийна XVIII-чу бIешеран юьххьехь.

Дуьххьарлерчу Россин императора Петр Хьалхарчо 1717-чу шеран асаран (июнь) беттан 24-чу дийнахь куьг яздинчу Указаца нийса догIуш, цуьнан лор Шоммер Готлиб кхаьчна Нохчийчу, паччахьан настаршна дарбанна мела хи лоьхуш.

Шарахь гергга Нохчийчохь бинчу талламашца, Теркан йистошца 1718-чу шарахь императоран лоьрана гучудолу вайн махкахь мехкадаьтта (нефть) хилар.

Шоммер Готлиба кхаъ боккху оьрсийн паччахье, шена нохчийн махкахь карийначу маьIданех лаьцна. Кхеташ ду и тайпа «хIонс» массарна а шайн долаяккха луург хилар. Пётр Хьалхарчо тIедуьллу лейб-гвардин медик волчу Шоммер Готлибна нохчийн мехкадаьтта долу меттигаш билгалъяхар.

Паччахьо шена тIедиллина декхар лоьро лерина кхочуш а до. Цо хIоттийна дуьххьарлера геологин-географин карта, вайн мехкадаьтта долу меттигаш билгал а йохуш. Суна хетарехь, иза дерриге а дуьненахь а дуьххьарлера геологин-географин карта ду. ХIинца а и карта Санкт-Петербургерчу Россин Iилманийн академехь долуш ду.

XVII–XVIIIчуй бIешерашкахь дуьйна оьрсашна, гIажарошна, хонкархошна хууш хилла Нохчийчоьнан лаьттах маьIданаш хилар. Цундела бира цара Кавказан къоьжачу лаьмнашкахь тIемаш.

1870-чу шарахь дуьйна «Грозная» гIап гIала ларалуш ю. Иза цуьнан йистошца мехкадаьтта карорца доьзна ду.

1871-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 2-чу дийнахь Россин паччахь Александр ШолгIаниг кхочу СоьлжаГIала, вайн махкахь цхьа сахьт бен цо хан ца яьккхинехь а, иза веанера аьлла, нохчийн тоделла хIумма дацахь а.

Цуьнан омранца дIадоладо Къилбаседа Кавказехь аьчкан некъ биллар а, и некъ Соьлжа-ГIалина тIебалор а. Аьчкан некъ билларца дIадодолийна Соьлжа-ГIалин йистошца Йоккха мехкадаьттане йиллар а. Уггаре а хьалха йиллинарг «Иваново» цIе йолу белхалойн поселок ю. Керла биллинчу аьчкан некъаца дуьххьарлера цIерпошт 1893-чу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь кхаьчна Соьлжа-ГIала. Ткъа корматаллин тIегIанехь дуьххьарлера мехкадаьтта 1893-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 6-чу дийнахь даьккхина.

Аьчкан некъ биллар а, мехкадаьтта даккхар а вовшашца дозуш хиларан кхин цхьа тоьшалла ду иза, Цундела хета, Соьлжа-ГIалин а, дерриге нохчийн къоман а кхиамаш, цуьнан дегаIийжаме эшамаш оцу мехкадаьттанца боьзна, дагалецамийн овкъаршлахь йисинчу селхенехь.

Нохчий, юьхьанца, Соьлжа-ГIалина аьттехьа буьтуш ца хилла. ТIаьхьа, вайнахана юкъара йохк-эцар а, совдегаралла а лелош адамаш гучудовларо таро хилийтина церан Iер-бахар Соьлжа-ГIалахь нисдан. Ткъа иза XIX-чу бIешеран чаккхенехь хилла.

Цундела, къаьсттина мехала хета хIинца вайн халкъе кхаьчна паргIато, машар, зовкх.

Вайн дайша бIешерашкахь сатийсина зама ю тахана вайн махка кхаьчнарг. Цунах кхета Веза-Воккхачу Дала хьекъал, доьналла лойла вайна!

ГАЗИЕВА Аза
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: