Иза къеггина похIма долуш суьрташдахкархо яра

Нохчийн къоман истори евзачара, езачара шайн къамелашкахь кест-кестта хьахабо Йоккхачу АтагIара хилла вежарий МутушевгIар. Дуьйцу церан лаккхарчу тIегIанехь хиллачу корматаллех, шайн халкъе церан хиллачу безамах, дагардо цара дина диканаш.

Вежарий МутушевгIар хьуьнаре адамаш хилла, Советийн Iедал тIедале, лаккхарчу дешаран кхерчахь корматалла караерзийна, говза юристаш хилла уьш.

Бакъду, цхьана юриспруденцехь къахьегна Iийна бац МутушевгIар. Петарбухахь долчу газеташкахь белхаш бан а, журналистикехь лар йита а ларийна вежарий.

Iедалан харцонех а, Кавказан ламанхоша хьоьгучу къаьхьачу баланех а хилла вежарийн дукхах йолу статьяш. Доккха хьуьнар а, кIорггера хаарш а, сема хьекъал а долуш адамаш хилла уьш.

Хьанал къахьегна ду Мутушев ИсмаьIалан а, цуьнан вешин Ахьмадан а бераш, берийн бераш.

Царах цхьаннах, похIма долчу суьрташдахкархочух Мутушева Эльвирех хир ду вайн къамел. Мутушев Ахьмадан кIентан Эдалханан йоI ю Эльвира. Россин киноговзанчийн шуьйрачу гуонашкахь евзаш а, ларамца цIе йоккхуш а ю и зуда. Вайх хIорамма а шех дозалла дан хьакъ долуш, похIма долуш суьрташдахкархо а хилла иза.

1937-чу шарахь Москвахь йина, кхиъна ю Мутушева Эльвира. Амма цуьнан дас Эдалхана, шолгIа зуда ялийна, кхин доьзал болор бахьана долуш, нанас хьалакхиийна шен цхьаъ бен йоцу йоI. Делахь а, дех, дехойх ядийна лелош ца хилла цо иза, ша оьрси елахь а.

ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь лаккхара дешаран кхерч чекхбаккхийтина цо Эльвире. Москвара текстильни институт яра цо чекхъяьккхинарг. Суьрташдахкархой Iамочу факультетехь доьшуш а хилла иза.

Боккхачу кхиамца институт чекхъяьккхича, «Мосфильм» киностуди балха кхайкхина Мутушева Эльвира, суьрташдахкархо-постановщикан дарже.

Шен хьаналчу къинхьегаман хьалхара гIулчаш, режиссера Туманов Семена 1968-чу шарахь яьккхинчу «Любовь Серафима Фролова» исбаьхьаллин фильмехь дакъалоцуш хиллачу актерашна сценин костюмийн эскизаш ярца яьхна цо.

Мух-мухха йолчу костюмашна реза хир боцуш, цIарна цIеяххана похIме актераш бара фильмехь дакъалоцуш: Куравлев Леонид, Семина Тамара, Лужина Лариса, Прохоренко Жанна, иштта кхиберш а. Амма къоначу суьрташдахкархочун эскизаш тIехь кечдина барзакъ дог реза дина тIелецира исбаьхьаллин кхеташоно а, актераша а.

1969-чу шарахь Быков Ролана яьккхинчу «Внимание, черепаха» фильмерчу турпалхойн костюмийн эскизаш кечйинарг а вайн махкахо ю. Эльвирин цIе гIараяьккхинарг оьрсийн яздархочо Толстой Алексейс язйинчу «Хождение по мукам» романа тIехь режиссера Ордынский Василийс 1977-чу шарахь яьккхина исбаьхьаллин фильм яра.

ПохIме, цуьнца цхьаьна, мелла а дегала актераш бара фильмехь дакъалоцуш: Соломин Юрий, Ножкин Михаил, Алферова Ирина, Пенкина Светлана.

Историн романа тIехь фильм йоккхуш елахь а, кинолентехь гойтушъерг вайн зама елахь а, цхьабосса, лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица кинотурпалхошна тIехь хила хьакъ долчу барзакъан эскизаш кечйора суьрташдахкархочо.

Иза йоккха говзанча хиллера, милла а ша бечу балхана реза хилийта гунахь долуш. Цунна къеггина тоьшалла ду режиссера Егиазаров Гаврилас 1974-чу шарахь яьккхина «Горячий снег» исбаьхьаллин фильм. Иза фашистийн Германица ЦIечу Эскаро бинчу тIеман цхьа кийсак гойтуш фильм ю.

Советийн бIаьхошна уггаре а хала хилла 1942-чу шеран мур бу гойтуш. Цуьнца цхьаьна гойту, бIаьхойн хьалакхиъна бераш. Цхьана хаттарна гуонаха ю фильм.

Ерриге а Европа фашизман талунах кIелхьараяьккхинчу турпалхойн тIаьхьенашна хаий техьа, таханлерчу маршонах а, паргIатонах а мел беза-боккха мах дIабелла.

Адамийн шина чкъуран духарш ду фильмехь гойтуш. Уьш дерриге а вайн махкахочун эскизашна тIехь кечдина ду. Иштта говза суьрташдахкархо вайн къомах схьаяьлла хилар вайна массарна а боккха юьхькIам бу.

Иттех исбаьхьаллин фильм ю вайн турпалхо коьрта суьрташдахкархо йолуш, «Мосфильм» киностудехь яьккхина. Царах ю: «Князь Серебряный», «Крепыш», «Печальный рай», «Случай с Полыниным», иштта кхиерш а. Оцу ерриге а фильмашкарчу турпалхойн духарш Эльвирин эскизаш тIехь кечдина ду. Балха тIехь ша мел сиха яллахь а, махкахошца гергалонийн зIенаш латто а кхуьура иза. Кест-кеста хуьлура Нохчийчохь.

ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн чаккхенехь, ерриге а Советийн Союз компартин баьчча В.Ленин вина бIешо кхачар даздан кечлуш яра. И санна долчу даздаршна юьстахаIойла дацара Нохч-ГIалгIайн Республикин а.

Культурин министра Татаев Вахас кхайкхина, Соьлжа-ГIала ялийра Мутушева Эльвира. Даздарш тIекхачале, «Вайнах» ансамблан артисташна керла барзакъ кечдан лаар яра, иза республике кхайкхаран, Iалашо.

Хазахетарца тIелецира Эльвирас и болх. Масех бутт балале цуьнан эскизашна тIехь мехкарийн чIогIа хаза гIабалеш а, божарийн чоэш, гIовталш а тегна евлира.

1972-чу шарахь Россин коьртачу шахьарахь Москвахь дIахьош дара «Нохч-ГIалгIайн культурин а, литературин а кIира». Москван тоьллачу концертийн залашкахь шаьш кечйина программа гайтира «Вайнах» ансамблан артисташа. Хьовсархоша билгалйоккхура артистийн духаран хазалла.

Иштта говзанча ю Мутушева Эльвира. Москварчу текстильни институтан суьрташдахкархой кечбен факультет чекхъяьккхичхьана, пенсе яххалц, 40 шарахь гергга «Мосфильм» киностудехь болх бина цо. Iер-яхар Москвахь дара аьлла, дай баьхначу лаьттаца йолу зIе хадийна а яцара иза цкъа а.

Кест-кеста йогIура Йоккхачу АтагIа, гергара нах болчохь кIиранах а, шина кIиранах а хьошалгIахь хан йоккхура. Цунна дукхаезара Нохчийчоь. Вайн мехкан исбаьхьачу Iаламо шен синна паргIато еш санна хетара цунна.

Цундела, иза даима а хазахетарца йогIура дай баьхначу Нохчийчу, вайн мехкан исбаьхьачу Iаламах марзо оьцуш, хан а йоккхура. Кхоллараллин керлачу ирхенашка кхийда ницкъ а лора цунна Даймехкан башхачу Iаламо.

Эльвирин синан зевне илли хилла даг чу дийшина дара нохчийн къоьжа лаьмнаш а, шийла шовданаш а. Ца Iебаш, бIаьргбеттара цо вайн мехкан шатайпанчу Iаламе.

Иштта дара 2015-гIа шо тIекхаччалц, къизачу лазаро лаьцна вайн махкахо меттахь йиссалц. Доьзалан ирс девзина яцара и миска. Цуьнан дерриге а дахар кхоллараллина дIаделла дара. Цуьнан дегахьаам дагна дукхаеза Нохчийчоь бара. Кхузахь ша лаьттан кийра ерзаре сатесна яра иза. Амма, лазаро сихо йира. 2015-чу шарахь дIаялар а, дIаерзор а Москвахь хилира суьрташдахкархочун.

Делахь а, вай йицъян хьакъ долуш йоI яц Эльвира. Вайн оьздачу йижарех цхьаъ ю иза.

Iер-яхар Москвахь хиллехь а, нохчийн къоман культурин цхьа сирла агIо хилла, къоман иэсехь ехар йолуш ю суьрташдахкархо Мутушева Эльвира.

А.САЙПУДИНОВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: