«Фотосушка» конкурс хилира

сушка

Соьлжа-ГIаларчу «Глобус» ресторанехь

ТIаьхьарчу хенахь нохчийн кегийрхошлахь суьрташ дахаран искусство яьржина хиларе терра, дукха суьртийн гайтамаш, конкурсаш, гоьбевллачу суьрташдахархошца цхьаьнакхетарш, мастер-классаш дIахьо республикин пачхьенехь. Ишттачарех цхьаъ дара Соьлжа-ГIали юккъехь йолчу башха йинчу «Глобус» цIе йолчу «горгачу»  ресторанехь хилла цхьаьнакхетар.

Суьрташ дахаран говзалла хазахетарш цхьаьна гулбаран а, кхузаманан искусствоца гергарло лелочу кегийрхошлахь шайн даарийн кхерч бовзийтаран а Iалашонца вовшахтоьхнера ресторанан куьйгалло билгалдаьккхина цхьаьнакхетар.

Конкурс-гайтам паргIатчу кепехь дIахьош бара. Кхузахь дакъалаца таро хилира  суьрташдахархойн а, шайн кхоллараллин некъ хIинц-хIинца дIаболош болчеран а, суьрташ дахаран искусство хазахеташ болчеран кхечеран  а. Конкурсехь дакъалацархьама хьалххе дуьйна заявкаш ян, я леррина цхьа бахьанаш лело оьшуш дацара. Хьо гайтаме схьавогIучу хенахь хьайца схьа а деана, хьайн суьрташ тIийригах дIатесчхьана долуш дара. Йиттина бедарш якъаялийта мIерашца хьалатосучу кепара, тIийригах хьалатосуш дара суьрташ. Цундела олу оцу гайтамах  «фотосушка».

Iаламан а, адамийн а, Iер-дахаран а, кIайн-Iаьржа а, абстрактни жанрехь а тайп-тайпана суьрташ дара «сушкехь» дакъалоцуш. Белхийн авторш цхьанна а бевзаш бацара (суьрташ тIехь билгалбаьхна бацара уьш). Тоьлла суьрташ къастош, билгалвелира  нохчийн гIараваьлла къона  ши суьрташдахархо : Яралиев Юсуп-Хьаьжа а, Берсаев IабдуллахI а.

Суьртан чулацаме а, технически барамаш ларбина хиларе а хьаьжжина хадабора говзанчаша конкурсехь дакъалоцучу белхийн мах. «Фотосушкехь»  1-ра меттиг яьккхира суьрташдахархочо Мадаев Илисхана. Толаман денна леринчу даздаршкахь даьккхинчу цуьнан кIайн-Iаьржачу суьрто ойланца 1945-чу шеран 9-чу май кхачавора хьажархо. ХIетахь, Даймохк ларбина ветеранаш (йоккха стаг а, воккха ши стаг а) бара суьрта тIехь. Каралаьцна герз а долуш, мидалш тIехь йолу шайн духарш доьхна, хIетахьлерчу ширачу машенахь гIали юккъехула схьабогIуш гора уьш.  Суьрташдахархочун Мусаева Асетан «Дай баьхначу юьрта» аьллачу Iаламан суьрто 2-гIа меттиг яьккхира гайтамехь. 2014-чу шеран 5-чу декабрехь (Соьлжа-ГIалахь вайна массарна а бевзаш болу хиламаш хиллачул тIаьхьа) Журналистийн скверехь къоначу суьрташдахархочо Мадаев ИбрахIима даьккхинчу суьрто 3-гIа меттиг яьккхира конкурсехь. КIорггера чулацам болуш сурт дара иза: тIехьа даьгна, доьхна Зорбанан цIа дара, гуш хьалха – тIемаш гIаттийна аьрзу (скверехь болу тIулган жима хIоллам).

Яьхначу совгIатан меттигашка хьаьжжина, хIора а толамхочунна «Глобус» ресторанехь маьхза яахIума яа бакъо луш, кехаташ делира. Безамна суьрташ а дохуш, «Фотосушкин» хьешашна кечдинчу даарех чам а боккхуш, цхьаьнакхетар дерзийра.

А.ВАХАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: