Хьегначу балано вина поэт

Советийн заманахь дукха нахана вевзаш Iеламстаг вара Гелагаев Окин кIант Мохьмад. Цуьнан да а хилла Нохчийчоьнан дозанал генна арахьа вевзаш Iеламстаг. Бух боцу хIорд санна, шегахь шортта долу Iилма шен кIенташна а Iамийра Окас.

Iер-вахар Лаха-Варандахь хиллачу Гелагаев Окин кIентех цхьаъ вара, 1888-чу шарахь дуьнен тIе ваьлла Мохьмад. КIорггера Iилма долуш стаг хилла вайн турпалхо.

Советийн Iедал тIедогIуш, кхиъна ваьлла жима стаг вара Мохьмад. Шегарчу бусалба динах долу хаарш, цхьаннах а ийза ца луш, дIасадаржош а, хьуьжарехь болх беш а хилла иза. Цунна дика хаьара Iаьрбийн мотт, евзара Iеламнехан поэзи, проза.

Нохчийн маттахь а, Iаьрбийн маттахь а ша назманаш йохуш а хилла Окин Мохьмад.

1930-чу шарахь НКВД-с бехкеварца, пхи шо хан тоьхна, набахтехь валлийна иза, бусалба динах болу хьехамаш бар зуламе лерина. Ур-атталла цIерачаьрга кехат яздар а дихкина хилла цунна Iедало.

Верасашна хIара дийна ву-вац ца хууш, дикка хан дIаяьлла. Делахь а, дуьнен чохь рицкъ хиларна, Делан къинхетамца цIавирзина Гелагаев Мохьмад.

Набахтехь доккха Iазап текхнехь а, Iилманна хера ца ваьлла иза. Къуръанан йозанца Iемина хилла Мохьмадна математика, астрономи, философи. Дахарх долчу шен хаарех шуьйра пайдаоьцуш хилла цо.

Советийн заманахь, дукха хьолахь, Окин Мохьмадехула хаьара вайнахана марха лоцу а, досту а хан. Цо нисйой, язйой охьайохкура ламазан хенаш а. Нахана юкъахь дош лелаш вара иза.

Дош дашера даьллачохь а, маслаIатан дош оьшучохь а, мел генарчу юьрта кхойкхий, вуьгуш вара. Мохьмаде болчу ларамна мел чIогIа дов а дIадерзадора вайн махкахоша.

Нохчийн мотт кIорггера хууш, и хаза бийца хууш вара иза.

Кхин цхьа сирла агIо а яра Окин Мохьмадан башхачу амалехь. Иза иллеш а, царна мукъам язбеш а вара. Исбаьхьачу озаца, тIаьхьара дечиг-пондар балош, уьш дIаолуш а вара.

Дукха иллеш ду Окин Мохьмадан ненах даьхна.

Маьлхан дуьненахь, уллехь, геналлехь,
Хьерча дагах сан, нанас доьIу са.
Бераллин дуьхьа, ноналлин дуьхьа,
Хьерча дагах сан нанас доьIу са.
Дуьххьарлера де, кхолладелла-те,
Хезча шена цкъа нанас доьIу са?
Бераллин дуьхьа, ноналлин дуьхьа,
Хезча шена цкъа нанас доьIу са.
Ненан къоьжалло, ечу ойлано,
Боху, адмаллех ма дохийша нах!
Бераллин дуьхьа, ноналлин дуьхьа,
Боху, адмаллех ма дохийша нах…

Нохчийн меттан хазалла, доза доцу адамалла ю Окин Мохьмадан иллешкахь. Новкъа ду таханалерчу къоначу чкъурана уьш цадовзар а, царах пайдацаэцар а. Дахаран къизаллехь ша доьналлица текхначу Iазапо а, лайначу баланаша а вина поэт вара иза.

Мел яккхийчу халонех чекхваларх, нохчийн халкъе а, махке а болу безам гIелбелла вацара иза. Цунна къеггина тоьшалла ду цо Нохчийчоьнах лаьцна даьккхина илли.

Даьгна сан ирсан цIа,
Худу сиэ тIеман цIе.
ГIелаллий, доьналлий
Хьоьжу хьоь, Нохчийчоь.
ГIийла лов, ас хьан чов,
Доьналлех цавохарх,
Маржа яI, деган даI,
Доьрзуш дац хIуъа дарх.
Балано дуьллу ло,
Латто сан кийрахь ша.
Ойланаш хебаеш,
Шийла мох хьерча сох.
Хир дуй-те цхьа а де,
Серло луш, йовхо луш,
Валале самукъане
Хьежа хьоь Нохчийчоь…

Мел халахеташ делахь а, Окин Мохьмадан дукха говзарш тIепаза яйна. 35 шо хан ю иза вайца воцу а. Дийна волчу хенахь, уьш дош-дезар хетта, зорбане яха цо къа ца хьийгира. ХIинца иза а, я цуьнан иллеш а дагадогIучарах дукха нах ца бисина.

1984-чу шарахь кхелхина Окин Мохьмад. Халкъана, махкана эшам бара иштта Iеламстаг дIавалар.

Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, вайн махка буьрса тIемаш хьаьвзира, вайх цхьа а иллеш дага догIучохь ца вуьтуш. Халачу зерех чекхваьллера иза доьналлех, нохчаллех ца вухуш.

Делахь а, халкъан иэсехь массо а ханна даха дисина Гелагаев Мохьмадан амат.

А.АРАПХАНОВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 10 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: