Хууш ма-хиллара, карарчу беттан 8-чохь Россехь дIадаьхьира Ерригроссин харжамийн де.

Оцу дийнахь Россехь йолчу субъекташкахь харжамаш а дIабаьхьира. ХIора а субъектехь тайп-тайпанчу тIегIанашкара харжамаш хилира, куьйгалхой, депутаташ хоржуш.
Делахь а, оцу дийнахь дIабаьхьначу харжамех къаьсташ бара Нохчийчохь дIабаьхьна харжамаш, уьш боьзна бара масех кIоштан дозанаш хийцарца.
ТӀехьа-Мартан кӀоштарчу Бумматан бахархоша дакъалецира шайн юьртан кхолламах хьакхалучу харжамашкахь – меттигерчу бахархоша жоп дала дезаш дара «Шу реза дуй, Буммат Соьлжан кӀоштах дӀа а тухуш, ТӀехьа-Мартан кӀоштан дозанаш хийцарна?» – бохучу хаттарна.
Грозненски кӀоштан доза хийцаран хьокъехь йолу референдум а дIаяьхьира оцу дийнахь.
Цуьнца нийса а догӀуш, ГӀуларарчу бахархошна делира «Грозненски кӀоштан дозанаш а хуьйцуш, шайн юрт ТӀехьа-Мартан кӀоштах дӀакхета лаьий шуна?» – боху хаттар.
Йоккхачу АтагӀан бахархошка «Грозненски кӀоштан дозанаш а хуьйцуш, шайн юрт Хьалха-Мартан кӀоштах дӀакхета лаьий шуна?» – хаттарна жоп дийхира.
Ткъа ЧӀишкарчу а, Лаха-Варандарчу а, Дочу-Борзерчу а бахархошка «Грозненски кӀоштан дозанаш а хуьйцуш, шайн ярташ Шуьйтан кӀоштах дӀакхета лаьий шуна?» – аьлла, хаттар динера.
Оцу харжамийн юьхьанцара жамIаш хIинцале а довзийтина Нохчийн Республикин харжамийн комиссис:
Бумматерчу харжамашкахь дакъалаьцна 1 565 стага (73,61%), царах бюллетена тIера «ХIаъ» 84,98% хаьржина, ткъа «ХIан-хIа» – 14,82%.
ГIуларарчу харжамашкахь дакъалаьцна 1 976 стага (70,17%), царах бюллетена тIера «ХIаъ» 70,90% хаьржина, ткъа «ХIан-хIа» – 28,99%.
Йоккхачу АтагIарчу харжамашкахь дакъалаьцна 5 513 стага (70,03%), царах бюллетена тIера «ХIаъ» 87,99% хаьржина, ткъа «ХIан-хIа» – 11,97%.
ЧIишкарчу харжамашкахь дакъалаьцна 812 стага (70,06%), царах бюллетена тIера «ХIаъ» 77,34% хаьржина, ткъа «ХIан-хIа» – 22,66%.
Лаха-Варандарчу харжамашкахь дакъалаьцна 391 стага (75,92%), царах бюллетена тIера «ХIаъ» 89% хаьржина, ткъа «ХIан-хIа» – 10,99%.
Дочу-Борзерчу харжамашкахь дакъалаьцна 857 стага (78,99%), царах бюллетена тIера «ХIаъ» 88,91% хаьржина, ткъа «ХIан-хIа» – 10,97%.
Гуш ма-хиллара, тIейогIучу хенахь хийцалур ду Грозненски а, Шуьйтан а, ТIехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а, Соьлжан а кIоштийн дозанаш.
Цул сов, Грозненски кIоштах дIа а къаьсташ, Соьлжа-ГIалех дIатухур ю кестта Шинасуьйра-Юкъ а, Гикало а, ткъа Устрада-ГIалех – Чечана а, БердкIел а, Примыкани а.
Иштта, лахьанан (ноябрь) бетт ан 10-чохь Гуьмсан кIоштарчу Иласхан-Юьртахь а дIабахьа тарлуш бу юрт Курчалойн кIоштах дIатохаран хьокъехь болу харжамаш.
И.ИСЛАМОВ
№69, товбецан (сентябрь) беттан 13 де, 2019 шо