Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой!

Тахана вайн республикехь билгалдоккхуш ду Нохчийн зудчун де. И деза де итт шо хьалха юкъадаьккхира. Иза, бакъонца, вайн берриге а бахархойн а уггаре а дукхадезачу дезачу денойх цхьаъ хилла дIахIоьттина, иза вайн наношна, йижаршна, йоIаршна лерина хиларна. Вайн дозалла дарца ала йиш ю: нохчийн зуда эхь-бехкенан, оьздангаллин, хазаллин масал хилла дIахIоьттина.

Вай дагахь латтадо, цкъа а дицдийр дац вайн зударий, халкъаца цхьаьна, даккхийчу халачу дуккха а зерех чекхбевлла хилар. Цара шаьш кхерамна кIела кхуьйсура, баккъал а шайгара турпалалла гойтура шайн гергарнаш зенах-зуламах ларбархьама, уьш иркарахIитторхьама, доьзалан кхерчахь йовхо а, аьхналла а хилийтархьама.

Цу тIе, уггаре а чолхечу муьрехь а цара диц ца дора ноналлин декхар. Бераш оьзда, гIиллакхе, ийманехь хила Iамадора цара. Иза боккха сий-ларам бан хьакъ долуш гIуллакх ду.

Вай царна баркалла боху майра, хьуьнаре, стогалла йолу кIентий Даймахкана кхиорна. Оцу кIенташа майрра къийсам дIабаьхьира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал, цунна тIехь толам а баьккхира. Шун декхарх цкъа а девр дац тхо. Оха дерриге а дийр ду цу тайпана бохамаш кхин цкъа а цахилийтархьама.

Хьомсара зударий! Везачу АллахIа шайна хьакъ долччу дахарца совгIат дойла шуна. Ткъа шун бIаьргаш даима а ирсах догийла, шаьш сатуьйсучу дикане кхачадойла шун Дала! Тхуна даггара лаьа, шу хIокху дуьненахь массарал а ирсе хуьлийла, шу иштта хилийта а гIерта тхо.

Дезачу денца! Дала декъалдойла шу! Дала ирсе, беркате дахар лойла шуна а, шун доьзалшна а!

№69, товбецан (сентябрь) беттан 13 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: