Хууш ма-хиллара, нохчийн къоман музыкин культура къагийна дукхахболу артисташ Нажи-Юьртара схьабевлла бу. Вай дозаллица йоху оцу кIоштара схьабевллачу Эльмурзаев Бекин а, Усманов Iимранан а, Дадашева Тамарин а, Абдукаримов Илесан а, Эльдерханов Ахьмадан а, иштта дуккха а кхечу артистийн цIераш. Церан лорах схьайогIуш ю тахана Алиева Рашана.

Вайн республикехь хиллачу буьрсачу тIемаша хьаьшна цуьнан бералла. Амма бакъйолчу нохчийн йоьIан синъондалла хьаша ницкъ ца кхаьчна. Нажи-Юьртарчу №2 йолчу школин 1-чу классе 2000-чу шарахь деша яхана Рашана. Кхиамца и чекхъяьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университетан юридически факультете деша а яхана иза.
Лаьмнашкахь кхиъначу йоьIан ойла нийсонна, бакъонна тIекхийдаш хилар дара Рашанас юристан корматалла харжар. Цо кхиамца чекхъяьккхина университет.
Делахь а, цуьнан дог-ойла мукъамех хьерчаш яра. Бераллехь дуьйна йоьIан чIогIа самукъадолура Усманов Iимрана, Дадашева Тамарас, Ташаева Марема эшарш локхуш, иллеш олуш хезча. Церан дукхахйолу эшарш, иллеш дагахь а хаьара цунна. Ша йисинчохь, нийсархошца садаIа хиъча, йиш локхуш яра йоI.
Кхуьнан говзаллех дерг ларамаза хааделира «Фирдауз» мехкарийн вокалан тобанан куьйгалхочунна. Рашанин исбаьхьа аз тайначу цо, тIаьхьара ца йолуш, схьаялийра йоI ша куьйгалла дечу тобане, 2011-чу шеран бекарг (март) беттан 1-чу дийнахь. Цу дийнахь дуьйна сцени тIехь ю иза.
Юьхьанца «Фирдауз» тобанерчу мехкаршца цхьаьна йиш локхуш хиллехь а, шо шаре далале, кхуьнан вокалан таронаш евзинчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин куьйгалхоша солистан дарж кховдош, тобанна юкъара сехьайоккху иза 2013-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 23-чу дийнахь.
Алиева Рашана къинхьегамхо ю. Цуьнан репертуарехь 40 гергга йиш ю. Уьш ерриге а нохчийн къоман хIо детталуш, лаккхарчу корматаллица дIалокхуш, ладогIархойн синкIоргене кхочуш а ю. Цундела, вайн махкахошна дукхаеза, хаза аз долу эшаршлакхархо.
Хаддаза шена тIехь болх беш ю артистка. Балхана юкъара ца йолуш, 2018-чу шарахь мукъамийн исбаьхьачу дуьненах долу шен хаарш тIедузуш, цо чекхъяьккхира Татаев Вахин цIарах йолу «Нохчийн пачхьалкхан культурин а, искусствийн а колледж».
Нохчийн къоман музыкин культурина ондда гIортор ю Рашанин кхолларалла. Вайн махкахошна къаьсттина дукхаезачарах ю цо дIалокхуш йолу «Дахаран ойла», «Нана», «Къонахчунна», «Хьо ца вогIу», «Сирла амат», «Бенойн лам», «Луур дара суна», иштта дуккха а кхийолу эшарш.
Алиева Рашанин хьуьнар, похIма, хьанал къинхьегам тидаме а эцна, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2014-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 17-чу дийнахь «Къинхьегамехь билгалъяларна» сийлаллин билгало елира Рашанина.
2015-чу шеран чиллин (февраль) беттан 14-чу дийнахь дуьйна «Нохчийн Республикин хьакъйолу артист» цIе лелош а ю иза.
Ткъа 2015-чу шеран асаран (июнь) беттан 14-чу дийнахь кхин цкъа а догхьаьстира цуьнан Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин халкъан артист» сийлахь цIе яларца.
Нохчийн къоман эстрада серлайохуш къахьоьгучу къоначу артисташна юкъахь тоьллачарах цхьаъ ю иза.
АРАПХАНОВА Аза
№69, товбецан (сентябрь) беттан 13 де, 2019 шо