ЙоI йина вайна…

«ЙоI йина вайна…». Оцу кхоана велавелларг наггахь бен карор вац. ЙоI йича, уратталла зингатана а новкъа догIу боху. «ХIан, хIинца хIара а еа, цуьргаш охьаэга цадуьтург», – олу боху цара.

Дукха доьзалийн кхолламашкахь хилла-лелла хIума ду йоI йина аьлча, воккха ца вийнехь а, амма цул тIаьхьа мел йогIучу хенахь, йоI шен дена массо кIантал а дукхаезаш хилар.

Ден цIахь а, арахь а децIенна чу садиллина, беркате хуьлу йоI.

Схьахетарехь, нохчийн ден бIаьргех хи доккхуш йогIуш ши киртиг ю: ненан барам кех-ара боккхуш а, дика, муьтIахь кхиъна ийман долу йоI маре йоьдуш а. Кху дуьнен чохь йоIах уггаре а чIогIа дог лезнарг ю, йоI декъалхиларе сатуьйсург нана ю.

ЙоI дуьнен чу ялар дош ца хетахь а, оцу экамечу, гIийлачу доьзалхочун – йоьIан, карамарахула чекхдолу доьзална, халкъана тIедогIу дика-вуо. Шена а дан амал доцу зуда къомана тIе халонийн берд керчича, иза хийлазза орцахъюьйлуш гина дуьне ду хIара… Нохчийн зуда, цкъа къонах хуьлий новкъайолу хьо, юха, са дуткъаделча, гIелделла жима бер хуьлий, елха озайо хьо.

Амма цкъа а гина яц хьо доьналлех, йохьах йоьхна. Ас юьйцург баккъал а нохчийн цIий-орам болу зуда ю.

Зударийн Дуьненаюкъара де герга кхачале а, кест-кеста ойла тIейоьдий Iа со вайн зударийн дахарна, кхолламна. Соьлжа-ГIала йоькъуш, дIадоьдучу Соьлжина тиллинчу тIай тIехула йолуш, охьахьажаелча,ирча, буьрса догIучу хих бIаьргкхетча, генарчу заманахь йохийначу, ягийначу Дади-Юьртара дакъазабаха буьгучу мехкарийн сурт карладолу… Ткъа Терк Соьлжал а доккха, кIорга, шуьйра ду.

Нохчийн йоьIан сий деза, цIена, сирла хилла массо а заманахь. Шен са мерза ду хIоранна. Къанвелча а лаьа ваха, могаш воцуш висча а ца лаьа дуьненах вала. Шайна дахар-дуьне дезачу жимачу, хазачу хенахь, 46 йоI цхьабарт бина Терка чу иккхина елла бохург, дуьненан шоралла, дохалла дехачу жил-Iаламна дIакхайкхадал доккха хIума ду.

Дукха хуучара шайлахь дуьйцуш, даккхий синош дохуш, ойла ярца дагатосура и де. Амма оьздангаллин лар цкъа а ца йов, сий, цIе ларъяран некъах мел аьлла дош, мел баьккхина ког эхарта дерззалц диц ца до наха.

ХIинца вай дехачу заманахь, сий, цIе бохург дIасакхийса ваьшна магочу заманахь, хIора урамехь, юьртахь оьшу дош – дош долу къонахий, сий лардо мехкарий.

Нохчийн зуда… Ялсаманехь уггаре а йоккха меттиг хьуна лойла Дала!

Кедан юкъ санна, жимачу, горгачу Нохчийчоьнан кхерчахь хьуна тIехIиттинарш, ахь лайнарш, ахь дIасалистинарш собаран лам оьшу гIуллакхаш дара. Ахь айхьа, хьайна долчул а тIех даздина дIалеладора дуьне. Хьайн эгIазчу куьйгаш тIе беза мохь эцна йогIуш ю хьо.

Хьуна атта ирсе хила а ца хии, хьо зингат ду-кх цуьрг эцна доьду, хьо – цIоькъалом ду-кх, кеманийн, танканийн, бомбанийн цIерш яйа канахь хи эцна доьду. Стиглара охьадогIу догIа а догIа дац. Уьш хьан бIаьрхиш ду, халахетча а, хазахетча а девлла бIаьрхиш.

Зударийн де… Иза хIора дийнахь а ду, хIора хIусам церан оьздангалло хазйина ю, церан собаро латтош ю.

Зударий оьзда мел бу дийна ю хьо, Нохчийчоь!

З.ХИЗИРОВА
№69, товбецан (сентябрь) беттан 13 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: