Полиомиелитах лардан деза бераш

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствехь кхеташо хилира берашна полиомиелит ца хилийта иммунизаци яран декъехь дан дезарг дуьйцуш.

Оцу кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а, Нохчийн Республикин Правительствон школал хьалхарчу дешаран Комитетан а, Нохчийн Республикин Роспотребнадзоран а, Росздравнадзоран а урхаллийн а куьйгалхоша.

МогашаллаIалашъяран министерствон пресс-службин хаамашца, кхеташо дIаяхьаран бахьана дара полиомиелит олучу кхерамечу цамгарна дуьхьал берашна вакцинаци яр ледара хилар.

Министерствон коьртачу педиатра Ирбаиева Таисас йинчу докладехь, Нохчийн Республикин коьртачу санитарин лоьран сацамца нийса а догIуш, вакцинаци дIаяхьарна юкъайогIу берийн, дешаран ерриге а организацеш (школаш а, берийн бошмаш а).

Гуш йолчу проблемех лаьцна дийцинчул тIаьхьа, кхеташонан дакъалацархоша сацам бира вайн республикин бахархошна юкъахь полимиелитаца йоьзна йолу проблема йовзуьйтуш болх дIабахьа. И болх кIоштийн администрацийн а, дешаран урхаллийн а куьйгалхой юкъа а озош дIабахьа лерина бу.

– Нохчийн Республикин коьртачу санитарин лоьро бинчу сацаман лехамца полиомиелитана дуьхьал прививкаш ца яйтина бераш я школашка а, я берийн бошмашка а лоьлуьйтур долуш дац. Иза цабевллачу денна деш гIуллакх ду, хIунда аьлча, баккхийчеран декхар ду бераш полиомиелит санна йолчу халачу цамгарех лардар. Вакцинаци яйтар – иза сиха дIасаяьржаш йолчу инфекцийн цамгаршна профилактика ярехь коьрта гIуллакх ду. Вакцинаци дIаяхьар вайн корматаллин декхар а ду, – билгалдаьккхира министра Э.Сулеймановс.

З.ХИЗИРОВА
№69, товбецан (сентябрь) беттан 13 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: