Билгалдаьккхира Нохчийн зудчун де

Ламаст а хилла схьадогӀуш ма-хиллара, хӀора а шарахь, Нохчийн зудчун дийнахь, Гуьмсан кӀоштарчу ХьаьнгашЮьртара хӀоллам болчохь (халкъалахь – «Дади-Юьртан хӀоллам» я «Нохчийн зудчун хӀоллам») гулам дӀахьо Ӏедалан а, культурин а, динан а, Ӏилманан а, юкъараллин а гӀуллакххоша.

Нохчийн зудчун де билгалдаккхаран гурашкахь, оцу гуламехь дакъалоцуш хиллачу Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президента Гапуров ШахӀрудис дийцира оцу хӀолламах лаьцна.

– Цхьаболчара дуьйцу, вукхара яздо хӀара хӀоллам Россин Ӏедална дуьхьал боьгӀна бу бохуш. Царна дӀахаийта боху вай – хӀара хӀоллам нохчийн зудчун оьздангаллина лерина бу. Ду, кхечу къаьмнашлахь а ду зударий ларар, церан сий дар… Амма дац церан, нохчийн зударша санна, шайн сий а, оьздангалла а ларъяр, – билгалдаьккхира цо.

Цул тIаьхьа, нохчийн дийнна халкъ а, къаьсттина нохчийн зударий а дагалоцуш доIа а дина, хIолламна хьалха зезагаш дехкира Правительствон кабинетан векалша а, кIоштийн дайша а, Iеламнаха а, Iилманчаша а, луларчу ярташкарчу бахархоша а.

Пачхьалкхан театран-концертийн залехь а билгалдаьккхира Нохчийн зудчун де.

Цигахь дакъалецира Россин Правительствон Къилбаседа Кавказан гӀуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместитела Байсултанов Одеса, Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Правительствон хьалхарчу вице-премьера Тумхаджиев Iийсас, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, кхечара.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан маршаллин кехат дӀа а доьшуш, Сийлаллин «За трудовое отличие» билгалонаш елира Даудов Мохьмада 17 зудчунна – хьехархошна а, пачхьалкхан гӀуллакххошна а, и.дӀ.кх.а.

Даздаран дакъа чекхдаьллачул тӀаьхьа концертан программа а хилира.

Дагадаийта лаьа Нохчийн зудчун де хӀора а шарахь, товбецан (сентябрь) беттан 3-чу кӀирандийнахь, билгалдоккхуш хилар.

Карарчу шарахь 10 шо кхаьчна и де билгалдоккхуш долу.

И.ИСЛАМОВ
№70, товбецан (сентябрь) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: