Нохчийн латархо – дуьненан чемпион!

Казахстанан пачхьенехь Нур-Султанехь дIахьош ю спортан латарехула йолу дуьненан чемпионат.

Оцу чемпионатан гурашкахь, 72 кг йозаллин категорехь хьалхара меттиг а йоккхуш, дуьненан чемпион хилла Россин вовшахтоьхначу командин векал Манцигов Абуязид – Нохчийн Республикерчу латархойн «Ахмат» клубан декъашхо.

Дуьненан чемпион цIе къовсарехь (финалехь) шеца леташ верг 9:0 жамIаца эшийна Абуязида.

Цул сов, финале кхаччалц хиллачу шен латаршкахь а гайтина цо толаме болу нохчийн лаам а, спортан латарехь ша дуккха а хаарш а, зеделларг а долуш латархо хилар а.

Манцигов Абуязида яьккхина дашо мидал оцу чемпионатехь Россин вовшахтоьхначу командин а дуьххьарлерниг ю.

Нохчийн латархо толамца а, дуьненан чемпион хиларца а декъалвина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Уггаре а дика жамI гайтарца ас декъалво вайн чемпион! Доьзалехь ирс а, беркат а хилла ца Iаш, спортехь кхидIа а толамаш хуьлийла лаьа цуьнан! Иштта, меттиг яьллачуьра, доккха баркалла боху Нохчийн Республикин спортан латарехула йолчу федерацин Сийлаллин Президентана а, Президентана а – Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутаташна Делимханов Адамна а, Сайтиев Бувайсарна а!», – яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

И.АДАМОВ
№70, товбецан (сентябрь) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: