«Ростов» – «Терек» – 0:1

pobeda_tereka_nad_zenitom__x9b4s6u

Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 26-чу туран матчехь Соьлжа-Г1алара «Терек» хьошалг1ахь цхьаьнакхийтира Дона-т1ера-Ростоверчу «Ростовца».

Майдан дай: С.Плетикоса, В.Дьяков, Х.Милич, И.Новосельцев, М.Бордачев, А.Гацкан, Т.Калачев, Д.Торбинский, Г.Канга (М.Думбия, 86), А.Дзюба (А.Бухаров, 61), С.Азмун (М.Григорьев, 62).

Соьлжаг1алахой: Я.Годзюр, Ф.Кудряшов, А.Семенов, Родолфо (А.Тейку, 62), И.Лебеденко (Р.Кану, 82), Ж.Маурисио, М.Рыбус, О.Иванов, Д.Кузяев, Ф.Пириз, А.Аилтон (А.Мбенгуе, 45).

Коьрта суьдхо Николаев Алексей (Москва).

Бердыев Курбан коьрте х1оттийчахьана Дона-т1ера-Ростовера команда т1ах-аьлла ловзуш ю. Т1аьххьарчу масех турехь цхьа очко мукъане шен чоьте ца язъеш ца ерзийна цо матч. Ткъа соьлжаг1алахоша толам баккхаза иттех цхьаьнакхетар чекхдаьллера. Иштта нисделлачу хьелашкахь теша хала дара  вайн республикин коьртачу командо хьошалг1ахь «Олима-2» олучу стадионехь меттигера футболисташ эшорг хиларх.

Ловзар вовшашкахь х1ун доллу хьожуш д1адолийра футболисташа. Болельщикийн матчехь  хьалхара т1елатар ган 15 минотехь сатийса дийзира. Азмун Сердаран аьтто бара матчехь билгалвала, бакъду, цунна цхьа к1еззиг аьтто ца тоьира. Цо тоьхна буьрка масех сантиметр уллохула елира Годзюр Ярослава лардечу кевнна. Цул т1аьхьа дукха хан ялале Аилтон  Алмейдан таро яра майдан дайшна гол тоха, амма иза шен 1алашоне ца кхачавелира. Хьалхарчу таймехь шина а аг1ор кхерамаш тийса г1ертара командаш, бакъду, церан т1елатарш дукха ледара дара. Иштта, кхин тоьхна буьрка йоцуш, сада1а бахара футболисташ.

Шолг1ачу таймехь а дара изза хьал. Кхераме т1елатарш дан а дацара. Футболисташка хьаьжча хеталора уьш цхьана очкона а дукха ч1ог1а реза бу аьлла. Амма массарна юкъахь къаьсташ цхьа футболист вара. Иза чекхдаьллачу 1ай эцна волу Мбенгуе Аблай вара. (Кхул хьалха официальни матчехь левзина вацара Мбенгуе). Цундела цунна ч1ог1а лаьара оцу  матчехь гол тохарца билгалвала. Иштта, матч чекхъяла иттех минот йисинчу хенахь, Аблайс Рыбус Мацейс шега елла йолу буьрка коьртаца кевнна чу тохарца шен команда толаме кхачийра.

8-чу майхь 27-чу туран матчехь Соьлжа-Г1алара «Терек» шен ц1ахь «Ахмат-аренехь» цхьаьнакхетар ю Москварчу «Спартакаца».

Довзуьйту 26-чу туран  кхечу матчийн жам1аш: ЦСКА (Москва) – «Урал» (Екатеринбург) – 3:1; «Арсенал» (Тула) – «Краснодар» (Краснодар) – 0:3; «Уфа» – (Уфа) – «Мордовия» (Саранск) – 1:2; «Торпедо» (Москва) – «Рубин» (Казань) – 2:2; «Амкар» (Пермь) – Локомотив (Москва) – 1:1; «Кубань» (Краснодар) –  «Динамо» (Москва) – 1:2; «Спартак» (Москва) – «Зенит» (Санкт-Петербург) – 1:1.

А.АБДУЛАЕВ  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: