Ерригроссин юкъараллин «Цхьааллин Россин Къона Гварди» организацин Нохчийн регионан отделенин жигархоша Теркан кIоштарчу Iели-Юьртахь белхи дIабаьхьира. Масех сахьтехь цара дIацIанйира юьртана гуонахара меттиг.

– Билгалйина меттиг цIанъярал сов, хьалхахIоттийна Iалашо яра стаг кхетош-кхиор. Вайна хаа деза ша Iаш волчу меттиган сий дан дезий а, цигахь цIано латто езий а, – бохура къоначу гвардин жигархоша.
– Шен къинхьегаман жамI гуш хазахета. ХIорамма шен дакъа юкъадиллина хIокху вайн юкъарчу дикачу гIуллакхна. Иштта мероприятеш сих-сиха дIаяхьа еза, бахархой оцу гIуллакхна орцахбовлуш хилча, муххале а, – билгалдаьккхира белхи вовшахтоьхначу а, цигахь жигара дакъалаьцначу а С.Борахановс.
Л.РАГИМОВА
№70, товбецан (сентябрь) беттан 17 де, 2019 шо