Цхьана беран могашалла меттахIоттор а бу толам

Дийно-дийно кхуьуш ю вайн республикин медицина, таронаш а шорлуш ю. Мехкан куьйгалло, шен ницкъ ма-кхоччу, хIокху заманан керлачу технологийн гIирсашца кхачо еш ю республикин клиникин больницашна.

Цул сов, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана карара шо, МогашаллаIалашъяран шо ду аьлла, дIакхайкхийна а ду. Цуьнца доьзна дикачу агIор дуккха а хийцамаш хилла могашаллаIалашъяран хьаьрмахь.

Масех шо хьалха санна, регионал арахьарчу больницашка баха а ца оьшуш, шайн цIахь могашалла меттахIотто аьттонаш бу вайн махкахойн.

Цу тIе, кхечу регионашкара дархой а богIу вайн республикин больницашка. Цо гойту Нохчийчохь больницийн таронаш хиларал а сов, говза лоьраш а хилар.

Цомгашчарна юкъахь уггаре а экаме дархой ларалуш ду бераш. Халахеташ делахь а, цамгаро а, лазаро а ца къеставо жиманиг я воккханиг. Дагахь доцучу лазаро хьовзийча, беранна шен хилларг ма-дарра дIадийца ца хаьа.

Къаьсттина хала ду кийра лазабалар. Бер мотт хааза делахь, муххале а чолхе хуьлу, хаддаза делхар доцург, кхин билгалонаш гучу ца йовлучу беранна хIун хилла хаа.

Кхузахь коьртаниг, да-нана доха цадохар а, мелла а сиха бер лоьрана тIекхачор а ду. Больнице дIакхаьчча, лор говза хиларе сатуьйсу беран дас-нанас.

Ткъа иштта хьал нисделча оьшуш верг говза лор хилла ца Iаш, дика психолог ву, шайн берана сагатлучу денненан а, беран а сатедар, бер Iехочу тамехь говза хаттарш дан хуу долу.

Кийрахь долчу лазаршца Соьлжа-ГIалин берийн клиникин №2 йолчу больницин Хирургин отделене дийнахь масийтта бер даладо, Соьлжа-ГIалара санна, кIошташкара а.

Оцу больницин №2 йолчу Хирургин отделенин заведующис, хирурга Ятуев Мохьмада шен синтемечу къамелаца тIеоьцу жима дархо. Цунна карабо бераца бийца мотт. Жима дархо къамеле ваккхарца сихо хуьлу хилларг хIун ду хаа. Ятуев Мохьмад Нохчийчохь уггаре а чолхе хан йолчу хенахь вахара лоьрийн дешар деша.

– 1999-чу шарахь Воронежан пачхьалкхан медицинин академе деша вахара со. Юьхьанца хала дара, делахь а, къар ца луш, айса юьхьарлаьцначу Iалашоне кхача болчу сатийсамо ницкъ луш, деша волавелира со. Деша лууш, хIуманна духе кхиа гIерташ волчунна хьехархоша а гIо дора. ЦIахь, Даймахкахь чолхе хьал дара, шолгIа тIом бара болабелла. Цундела а декхарийлахь дара тхо, нохчийн студенташ, доьшучохь тхайх дика ойла кхоллаялийта, кхидолу халкъаш санна, нохчийн халкъ а машаре дуй дIагайта а, машаречу дахаре тхо сатуьйсуш дуй дIахаийта а. Хаддаза цIа сагатдора. Цхьана-шина баттахь цIера хабар хезаш, ца хезаш а хуьлура. Сагатдар сов даьлча, дешар Iад а дитина, цIа ван дог-ойла кхоллалора, тIаккха юха а юхаволура. Массо хIума а чаккхе йолуш дуй а, тIом чекхбериг хиларх а, республикехь маьрша дахар дIахIуттург хиларх а тешара. Иштта хила а хилира, ас лоьран говзалла караерзочу шерашкахь вайн республикехь дуккха а хийцамаш хилира. 2005-чу шарахь академи чекх а яьккхина, циггахь шина шарахь ординатура а чекхъяьккхира ас. 2007-чу шарахь берийн хирургин говзалла кара а ерзийна, цIа веара со, – дуьйцу Ятуев Мохьмада.

Дешна а ваьлла, цIа веанчу шарахь Соьлжа-ГIалин берийн клиникин №2 йолчу больнице Хирургин отделене балха хIоьттира Мохьмад.

Цигахь 2014-гIа шо кхаччалц болх а бина, оццу шарахь Нохчийн Республикин берийн клиникин больнице балха вахара. Цигахь а 4 шарахь болх а бина, ша хьалха хиллачу больнице юхавеара Мохьмад.

Хирургин говзалла санна, эндоскопин говзалла а караерзийра Мохьмада, масийттазза Москвахь а, иштта Германехь а хилла иза лапороскопихула йолчу стажировкехь.

Ша куьйгалла дечу отделене далош долчу цомгашчу хIора а беран доттагI хуьлий дIахIутту Мохьмад. Дийнахь цIеххьана лазаро хьовзийча еш йолчу операцийн барам цхьатерра ца хуьлу, йисинарш планна юкъа йогIуш хуьлу, уьш кIиранах цхьана дийнахь еш ю.

Дукха операцеш йо Мохьмада, амма царна юкъахь, дукха хьолахь, экстренни нислуш ерш аппендицит а, грыжа а ю, ткъа меттан хьаса хадор планаца ечарна юкъахь алсам нислуш ю.

Мохьмадан белхан накъостий а бу говза лоьраш. Цуьнца отделенехь болх беш ши хирург ву: Халухоева Оксана а, Амирханзаев Iумар а.

– Сан чIогIа ирс хилла белхан лаккхара говзанчаш болу накъостий нисбаларна. Цул сов, ерриге а коллектив а ю шен белхан декхарш дика кхочушдеш, гIиллакхе. Къаьсттина, кегийчу дархошца уьш собаре хилар а, кIедамерза хилар а ду ас цаьрга доьхург, – элира Мохьмада.

Ятуев Мохьмадан говзаллин лаккхара мах хадош елла Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а, мидалш а ю. Амма, цо къаьсттина дозалла дийриг берана гIо дан шен ницкъ кхачар ду.

Вай лакхахь билгал мадаккхара, бераш уггаре а экаме дархой бу, цундела ларъян езаш ю церан психика, хIунда аьлча, бер кхераделча, цунна кхин лазар гучудаларна кхерам бу.

Хирургехула а, эндоскопихула а, лапороскопихула а говза хилла ца Iаш, берийн а, баккхийчеран а психологи дика евзаш ву Мохьмад.

Шайн отделене могашалла тоян баьхкина кегий дархой гIоле а хилла, могашаллина кхин кхерам а боцуш уьш цIабахар, толам хеташ ву Ятуев Мохьмад а, цуьнан белхан накъостий а.

ВЕГИЕВА Макка
№70, товбецан (сентябрь) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: