Нурадилов Ханпашин иэсана лерина – мини-футболах ловзаран турнир

Нохчийн къоман а, Советийн Союзан а Турпалхо Нурадилов Ханпаша дуьненчу ваьлла 95 шо кхачарна лерина мини-футболехула схьайиллина турнир дӀаяьхьира Дагестанерчу Солнечное юьртахь.

«Турпалхочун Кубок» къовсаран турнирехь дакъалоцуш яра Дагестанера а, Нохчийчуьра а 56 команда.

Турнир вовшахтоьхнера Нурадилов Ханпашин цӀарахчу фондо.

Цигахь дакъалоцуш хиллачу «Россин эпсарш» юкъараллин Нохчийчуьрчу векалаллин куьйгалхочо Гайраханов Мовлас билгалдаккхарехь, бӀеннашкахь ловзархоша а, эзарнашкахь хьовсархоша а дакъалоцуш хиллачу оцу турнирехь нохчийн а, Дагестанан халкъийн векалийн а вовшашца я дов а, я хьагӀгамо а, я цатам а ца хилира.

– Хьалхара меттиг яккхарца Дагестанера а, шолгIа меттиг яккхарца Нохчийчуьра а командаш декъалйо ас. Ловзархоша а, хьовсархоша а хазахетарца тIеийцира и турнир. Ткъа Нурадилов Ханпашин хьокъехь аьлча, цуьнан цIе вайх хIоранна а евзаш ю. ХIокху дуьненахь ша яьккхинчу кIеззигчу хенахь цо дерриге а дуьненна дIахаийтина нохчийн жимачу юьртарчу нохчийн жимачу кIанта тIом бан Iамийна волу салти отуш хилар. Цо ша, цхьамма, хIаллаквина 920 сов мостагI. Ханпаша саннарг дуьненна а вевзаш вац хIинца а. Вай дозалла до Ханпашех, хIунда аьлча, цуьнан цIарца дуьйцу вай Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь шайгара майралла а, доьналла а, хьуьнар а гайтинчу вайн къоман кхиболчу векалех лаьцна а, – дийцира цо.

Турнирехь хьалхара меттиг Дагестанерчу Ӏовхойн кӀоштарчу командо а, шолгӀа меттиг Нохчийчуьрчу Нажи-Юьртан кӀоштарчу командо а яьккхира.

И.ИСЛАМОВ
№70, товбецан (сентябрь) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: