ХIокху беттан 11-чу дийнера 18-чу дийне кхаччалц, Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Ерригроссин къаьмнийн театрийн «Федерация» цIе йолу дуьххьарлера фестиваль.

Нохчийн Республикин кхаа театран а, театран-концертийн залан а сценаш тIехь шайн спектаклаш гайтира Нохчийчу баьхкинчу хьешаша. Къаьмнийн театрийн коллективаша тайп-тайпана белхаш беара нохчийн а, кхечу регионийн а хьовсархойн кхиэле бахка.
Коьртачу декъана къаьмнийн драматургийн произведенеш тIехь хIиттийна спектаклаш яра фестивале кхоллараллин коллективаша еанарш, амма цхьайолчу театраша, олуш ма-хиллара, классикин произведенех а пайдаэцнера. Масала, Марийн къоман театро А.Н.Осторовскийн «Лайн-Аьзни» («Снегурочка») пьеси тIехь, ткъа Хакасин къоман драмин театро Э.Хемингуэйн «Воккхастаг а, хIорд а» («Старик и море») повеста тIехь, Адыгейн къоман театро Бертольт Брехтан «Кавказан киран го» («Кавказский меловой круг») пьеси тIехь хIиттийна спектаклаш гайтира. Ала догIу, вайн чолхечу заманахь хьовсархойн театре йолу уьйр-марзо дIаяьлла цахилар.
Хьовсархоша дика тIеийцира фестивалан дакъалацархойн белхаш – боккхачу тидамца а, самукъадаларца а. Иштта фестивалаш кест-кеста хуьлуш ма яц вай долчохь а, кхечу гIаланашкахь а. Ткъа масийтта регионера, ур-атталла Якутера а тIехь, театраш вайн махка хьошалгIа яьхкина хилча, муха ца воьду спектакле хьажа?

Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театро шен сцени тIехь гайтира Ахмадов Мусан пьеси тIехь хIоттийна «Шен цIа – цIен цIа» спектакль. Ала догIу, спектакль нохчийн театран репертуарехь тоьллачех цхьаъ хилар. Иза фестивалан гайтамна юкъаяхийтар театран куьйгаллин дика сацам бу, хIунда аьлча, спектаклан чулацамо хьовсархой тидамза а, бен доцуш а буьтур бац, цул сов, сцени тIехь театран тоьлла актераш а бу, пьеса а вайн заманан хиламаш гойтуш ю.
Нохчийн театран спектаклехь вайна гойтург Европе (Франце) дIакхелхинчу нохчийн дахар ду. Коьрта турпалхо Гадаев Куьйра (цуьнан роль ловзош похIме актер Умаев Рамзан ву) суьрташдахкархо ву. ЦIахь шен суьртех кхеташ, церан мах хадош стаг а ца карийна, Европе дIаваха дагадеана цунна. Дуккха а халонех чекх а волий, ша сатийсинчу Париже кхочу иза.
Кхузахь цунна дуьхьалвогIу доттагI Хайдарбек. Мацах Нохчийчохь хилла доттагI вац иза хIинца, керлачу мехкан хьоло а, замано а хийцина, шен аьтто лоьхуш, къоман яхь, гергарлонаш, доттагIаллин уьйраш дIатесна курхалча а, харцонча а ву Хайдарбек.
Делахь а, мелла а Куьйрина гIо дан хьожу иза, шена соьмана я дашна хало а ца еш.
Куьйра кестта кхета ша Европе вар шен доккха гIалат хилар. Кхуьнан суьрташца бала болуш стаг кхузахь а вац, уьш цхьанна гайта а, мах хадабайта а лууш Хайдарбек а вац. Халонаш кхузахь а евза къоначу суьрташдахкархочунна.
Амма дика нах Европехь а ма бу, цара гIо до Куьйрина. Хьалха Соьлжа-ГIалахь ваьхначу оьрсийн суьрташдахкархочо-эмигранта дIадухку Куьйрин суьрташ, кхечу нохчаша а тесна ца вуьту иза.
Кхузахь цунна шен безам а карабо. ЦIа ван ойла чIагIло Куьйрин коьртехь. Шена Парижехь евзина а, езаелла а нохчийн йоI Жанета а эцна, Даймахка цIаверза сацам бо цо. Иштта бу пьесин чулацам. Цунна чохь, муьлххачу а драмин произведенехь ма-хиллара, дахаран хьал ду автора гойтург: чолхечу, драме долчуьнца беламениг цхьаьна догIуш.
Нохчийн театрехь дуккха а шерашкахь болх беш болу, хьовсархоша безаш тIеоьцуш болу актераш а бу цу спектаклехь дакъалоцуш: Атаев Мовсар – китайхочун ролехь, Исраилов Хожа-Бауди – нохчичун-суьрташдахкархочун ролехь, Гичаева Раиса – йоккхачу стеган-эмигранткин ролехь. Церан ролаш яккхий яцахь а, хьовсархошна еххачу хенахь дагахьлаьттар йолуш ю, хIунда аьлча шайн доккха похIма гайтина оцу актераша сел жимачу ролашкахь а.

Ткъа театрехь, актераша шаьш ма-аллара, жима роль хуьлуш яц, нагахь иза ловзош верг шен белхан вуьззина говзанча велахь. Цу сарахь хьовсархойн аьтто хилира и дешнаш нийса хилар ган.
Хьовсархоша дехха тIараш детташ, доккхачу баркаллица тIеийцира нохчийн театран «Шен цIа – цIен цIа» спектакль. Иза чекхъяьлча, актераш сцени тIера дIа ца бохуьйтуш, бехха латтийра цара, церан балхана шаьш резахилар а, шаьш баркалле хилар а гойтуш.
Фестиваль чекхъяьлла. Цуьнан хьокъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан волчохь цхьаьнакхетар хилла шуьйра бевзаш болчу театран гIуллакххойн, царна юкъахь Россин театран гIуллакххойн куьйгалхо Калягин Александр а волуш.
Цара дийцаре дира Нохчийчохь долу таханлера дахаран хьал, фестивалах лаьцна а къамел дира. Хьешаша доккха баркалла элира Нохчийн Республикин куьйгаллина а, хьовсархошна а шаьш Соьлжа-ГIалахь дезаш а, лоруш а тIеэцарна а, фестиваль дика дIаяхьа аьтто барна а.
Россин къоман театрийн дуьххьарлерчу фестивало гойту мел доккха а, оьшуш а гIуллакх ду къаьмнашна юкъахь гергарло лелор, уллера зIенаш чIагIъяр, вовшийн культурехула къаьмнийн барт лаккхарчу тIегIане баккхар.
АРСАНУКАЕВ Муса
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо