Россин Исламан университетан 10 шо кхачар даздира

Нохчийчохь Ислам-дин Iаморан коьрта кхерч хилла дIахIоьттинчу Россин Исламан университетан 10 шо кхачар даздарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, РФ-н Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллин председатела Межиев Салахь-Хьаьжас, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчас Шахидов Адама, кхиболчу официальни наха, кхечу регионашкарчу хьешаша, университетан ректора, хьехархоша, студенташа.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин Исламан университето ерриге Россехь а исламан дешаран учрежденийн могIарехь коьрта меттиг дIалоцуш хилар.

«Суна къаьсттина хазахета вайн тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорехь университето баккхий кхиамаш бохуш хилар», – элира Р.Кадыровс.

Карарчу хенахь университетехь доьшуш исс бIе сов студент ву. Дешна ваьлларг 350 стаг ву, царех тIехдика дешарца чекхваьлла 150 а волуш.

Кадыров Рамзана иштта билгалдаьккхира Россин Исламан университетехь дешна бевлларш, теологехь долу шайн кIорггера хаарш бахьанехь, Нохчийчохь хилла а ца Iаш, кхийолчу регионашкахь а оьшуш хилар. Царах дукхахберш хьафизийн школашкахь, хьуьжаршкахь, дешаран лаккхарчу заведенешкахь кхиамца белхаш беш бу.

«Шеко йоцуш, вайн хьомсарчу вешин, Кунта-Хьаьжин цIарахчу Исламан университетан ректоран Мутушев Iабдурахьиман а, ерриге коллективан а къинхьегам бахьанехь бу и кхиамаш», – элира республикин Куьйгалхочо.

Университетан ректора республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна даггара баркалла элира шайн белхан гуттар терго ярна, оьшучу хенахь гIо-накъосталла дарна.

КхидIа университетан хьехархой а, студенташ а декъалбеш къамелаш дира республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, Россин Исламан дешарехула йолчу советан председатела Мухаметшин Рафика а, Пятигорскан пачхьалкхан университетан ректора Горбунов Александра а, Кишин Кунта-Хьаьжин тIаьхьенах волчу Кунтин ИбрахIиман Сайфуддис а.

Даздаран гIуллакх дерзош, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан» мидалца совгIат дира Мутушев Iабдурахьимна.

Нохчийн Республикин лаккхарчу совгIатца – Кадыровн орденца – совгIат дина университетан проректорна Денильханов Султанна.

«Къинхьегамехь билгалваларна» сийлаллин билгалонашца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехаташца а совгIаташ дина цхьамоггIа хьехархошна.

Иштта, университетан тIехдика дешарца чекхбевллачу студенташна дипломаш а дIаделира Кадыров Рамзана, цаьрца безамна сурт а даьккхира.

А.ВАХАЕВА
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: