Токхамашца бала хьоьгучу бахархошна керла хӀусамаш еш ю Теркан кӀоштарчу ЧӀуьлга-Юьртахь. Карарчу хенахь деш ду 48 цӀа. Царна чу кхалхор бу Горга-ХитӀарчу (Горагорск) бахархой.

Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммуналан бахаман а министерствос бинчу хаамца нийса а догӀуш, царна чу гӀур болчу доьзалшка хьаьжжина деш ду хӀора а цӀа.
Цул сов, хӀора а цӀа, уьйтӀе а, кетӀе а хилла ца Ӏаш, шен беш а йолуш хир ду.
Билгалдаккха догӀу цӀенош ЧӀуьлга-Юьртарчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу микрорайонехь деш хилар.
Иштта, Соьлжа-ГӀаларчу Старопромысловски кӀоштахь деш а ду 22 цӀа. Царна чохь дӀатарбийр бу 22 доьзал – вуьшта аьлча, 169 стаг.
И нах а, хӀинццалц шаьш Ӏачу меттигашкахь, токхамашца бала хьоьгуш бара.
Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммуналан бахаман а министерствос дӀахьош бу цигара белхаш а.
Дечу цӀеношна тхевнаш техкина а бевлла, чоьнаш а, уьйтӀе-кетӀе а куьце ялоран белхашна тӀебирзина бу белхалой.
ХӀора а цӀа, чохь Ӏийр болчу доьзалан дукхалле хьаьжжина, чоьнаш йолуш хир ду.
Билгалдаккхар: Карарчу хенахь, токхамаш хуьлучу меттигашкахь Iаш ву Нохчийчуьра 25 эзар сов вахархо, царах 4 эзар – токхамаш хиларна тӀехкхерамечу меттигашкахь.
И.ИСЛАМОВ
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо