ХIокху деношкахь Мескитарчу Культурин цIийнехь дIаяьхьира поэтан Джебиев Хьусайнан кхоллараллин суьйре
Нохчийн поэзиезархошна дика евза Россин яздархойн союзан декъашхочун Джебиев Хьусайнан цIе. Цуьнан стихаш сих-сиха зорбане юьйлу «Даймохк» газетехь, «Орга», «Вайнах» журналашкахь. Нохчийн Республикин яздархойн союзо арахеца кечйина поэтан стихийн гулар а ю.
Мескитарчу Культурин цIийнан йоккха зал тIанк-аьлла юьзнера поэтаца цхьаьнакхетаре деанчу адамо. Кхузахь бара дешархой, хьехархой, юьртара бахархой. Суьйренан хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин халкъан поэт Рашидов Шаид, Нохчийн Республикин халкъан артист Эльмурзаев Бека, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, поэт Кусаев Iадиз, «Нийсо» газетан (Дагестан) коьрта редактор Якиев Iумар, яздархой Сайдуллаев Хьасан, Исаев ТIауз, Айдамирова Машар, Байсагуров Супьян, иштта кхиберш а.
Чулацаме яра суьйренан программа. Цкъа хьалха гулбеллачийн тидаме йиллира Хь.Джебиевн байташ тIехь Мескитарчу юкъарадешаран коьртачу школин дешархоша хIоттийна литературин-музыкин композици. Цул тIаьхьа поэтан кхоллараллех дош элира Рашидов Шаида, Кусаев Iадиза, Якиев Iумара, Байсагуров Супьяна, Айдамиров Соьлис, дуккха кхечара а. Къамелаш динчара лаккхара мах хадийра Хь.Джебиевн кхоллараллин. Къаьсттина цара билгалъехира Даймахке, нене безамах, Iаламах йолу стихаш. Юьртахойн цIарах винчу денца Хьусайн декъалвеш, вистхилира Мескитара юьртда Висамбиев Iумархьаьжа. Цо иштта баркалла элира шайн юьртахо лерина дехьа-сехьара баьхкинчу хьешашна. Суьйре ерзийра шайна юкъахь Нохчийн Республикин халкъан артист Абдукеримов Илес а, дика вевзаш волу Исламов Султан а хиллачу артистийн йоккхачу тобанан концертаца.
Хь.АБАЕВ