Къоман культурин а, историн а тIаьхьало Iалашъярехь жигара къахьоьгу

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, Шарара историн-архитектурин комплекс меттахӀотторан белхаш жигара дӀахьош бу.

Комплексехь сих-сиха хуьлу Органан историн-архитектурин а, Ӏаламан а музей-заповедникан белхахой. Уьш хьовсу цигахь бечу белхашка, билгалдоху кхитӀе а дан дезарш, чекхбевлла белхаш лехамашца богӀуш хилар а толлу.

Иштта, комплекс меттахӀотторан белхаш шен тергонехь латтош бу Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис а.

ГаланчӀожан кӀоштахь а дӀахьош бу культурин а, историн а, архитектурин а тӀаьхьалонан объекташ меттахӀитторан болх.

Органан историн-архитектурин а, Ӏаламан а музей-заповедникан директора Хаджиев Рамзана билгалдаккхарехь, карарчу хенахь Хьайбахахь меттахӀоттош ю тӀеман №1 йолу бӀов а, цуьнца цхьаьна №1 йолу чохь Ӏен (гӀала) бӀов а.

Говзанчашна хетарехь, и ший а объект XIV–XVI-чуй бӀешерийн муьрера ю. Цигара белхаш карарчу шеран чаккхенехь чекхбаха лерина.

Иштта, меттахӀитторан белхаш дӀабахьа лерина Эги-ЧӀожерчу а, Ялхарарчу а, ЦӀечу-Аьхкерчу а объекташкахь а.

Культурин а, историн а, архитектурин а тӀаьхьалонан объекташ меттахӀитторан декъана юьстах Хой а ца йисина. Цигахь а дӀахьош бу шира гӀишлош меттахӀитторан белхаш а, белхеш а.

И болх дӀабахьарна тӀехь терго латтош ю Нохчийн Республикин культурин министерство а, Нохчийн Республикин Правительствон культурин тӀаьхьало Ӏалашъярехула йолу комитет а.

Белхеш чекхбаьхначул тӀаьхьа жигарбоккхур бу чохь Ӏен гӀаланаш а, тӀеман бӀаьвнаш а меттахӀитторан болх.

Лакхахь хьахийначу тӀеман бӀаьвнийн хьокъехь аьлча, билгалдаккха догӀу, царах цхьаерш XII–XIV-гӀий бӀешерашкара хилар.

Къоьзан-Ӏомана 2 км дехьа ю Хой.

И.АДАМОВ
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: