ГаланчӀожан кӀоштарчу Галай-Ӏоман кӀоргалла 32 метр елахь а, Веданан (ЧӀебарлойн) кӀоштарчу Къоьзан-Ӏоман кӀоргалла 75 метр хилла Ӏийр яц, хӀунда аьлча, цуьнан бух а, ерриг кӀорге а теллина яц хӀинца а. Иштта хаам бина Бельгерчу дайверша – «Divemonkey» клубан векалша.

Меттигерчу шуьйрачу хаамийн гӀирсийн векалшца «Грозный» НПТРК-хь шайн хиллачу пресс-конференцехь цара дийцира шина а Ӏоман кӀоргалла талларан декъехь шаьш бинчу балхах лаьцна.
– Шун хазачу республике тхайн догӀийла хиларх даккхийдедо тхо. Галай-Ӏоман а, Къоьзан-Ӏоман а кӀорге жим-жима толлийла а, картографи йойла а хилира тхан. Масала, Къоьзан-Ӏоман кӀоргалла толлуш, 75 метр бен чудуьссийла ца нисделира тхан, ткъа Галай-Ӏоман кӀоргалла билггал къастаелира – 32 метр ю иза, – хаийтира оцу клубан векала Рэнси Джеремис.
Иштта, цо билгалдаккхарехь, цунна къаьсттина хазахийтира Къоьзан-Ӏоман а, Галай-Ӏоман а хазалла цӀеналлица а йогӀуш хилар.
Къоьзан-Ӏоман кӀоргенехь шайна дуккха а чӀерий гина хилар а, царах цхьадерш 80 см деха хилар а хаийтира дайверша.
Каспин хIорд а, Къоьзан-Iам а лаьтта бухаларчу татолашца вовшашца хоттабелла бу бохуш, халкъалахь лелаш долчух хаьттича, шаьш хин бухе талларан декъехь Iилманчаш а, говзанчаш а цахиларе терра, оцу хаттарна шайн дала жоп цахиларх кхетийра цара журналисташ.
Жоп доцуш бисира оцу Iомана бухахь нохчийн шира юрт хиларан хьокъехь халкъалахь дуьйцуш долу хабар а.
Ткъа Галай-Ӏоман кӀоргенера хьал дуьйцуш, «миллионашкахь, миллиардашкахь кегий креветкаш, дуккха а тайп-тайпана чӀерий, дахаран гӀирсаш гира тхуна», – билгалдаьккхира цара.
Уьш республике кхайкхинера меттигерчу Туризман гIуллакхашкахула йолчу министерствос.
И.ХАСАХАНОВ
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо