Дагалецира Дади-Юьртахь кхелхинарш

ДIадаханчу кIиранах Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь дIаяьхьира Дади-Юьртахь бохам хилла 200 шо кхачарна лерина мероприяти. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Яздархойн союзо.

Ши бIе шо хьалха Кавказан тIом болчу хенахь, Дади-Юрт мостагIех ларъеш, бахархой дуьхьалбевлира мостагIашна. Майралла, доьналла гайтира цара оцу тIамехь.

Паччахьан эскарна дуьхьал тIом беш виъ бIе сов вахархо кхелхира. Ши бIе цIа долу юрт ягийна дIаяьккхира, цул тIаьхьа, кхин метта а ца хIоттийра.

Оцу бохамехь кхелхинарш дагалоцуш, Къоман библиотекехь гулбеллера яздархой, поэташ, юкъараллин гIуллакххой, студенташ.

Мероприятехь дакъалоцуш хиллачу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службин куьйгалхочо Каримов Iальвис элира: «Дади-Юьртахь хиллачо вайна гайтина нохчийн къоман кIентий а, мехкарий а къонахчун амал йолуш, оьзда, гIиллакхе, шен къомана тешаме, шайн а, шайн дайн а сий лардан кийча хилла хилар… Вайн республикехь шолгIа тIом болу хан ю иза. ДогIуш ло а долуш, цхьа тамашийна шийла де дара. Дуби-Эвлара охьабогIу некъ Чуьйри-Эвла дIабоьрзучохь лаьтташ вара со. ХIетахь цигахь Будановн полк а яра, веана Шаманов а вара. Лаьттах йоьхкина танканаш яра. Цара дIа мел кхоьссина снаряд иккхинчохь цхьа цIарул-цIен кIур болура. Цхьана а тайпана хоржуш цIа а доцуш, Дуби-Эвла чуетташ яра яккхий тоьпаш а, танканаш а. Дуби-Эвлара адам ара а ца долуьйтуш, цу чохь дIакъевлина дара. Цхьана дийнахь хаам кхечира итт сахьт даьлча арадовлуьйтур ду аьлла. Чуьйри-Эвла схьакхаьчча… хIахI, хIинца пхи сахьт дели аьлла, оцу полкера юха хьаладига хIоттийра и адам… И ю Дади-Юрт… И санна дерг вайн массо юьртана а гина. И хIума кхин ца хилийта хьажа веза вайх хIора а… Дади-Юьртахь санна а, Дуби-Эвлахь, Бумматахь, Сиржа-Эвлахь, хIокху Нохчийчохь мел йолчу юьртан цIе яккха йиш ю вайн, и санна тезет Дала кхин цкъа а ма хIоттадойла вайн махкахь! Вайн республикехь хилла тIемаш вайна ган а гуш, вай теш а долуш хилла ду. Изза хьал дара Дади-Юьртахь хилларг а. Нохчий, Дала мукъ лахь, боьхна а бац, цкъа а бухур болуш а бац. Дала мукъ лахь, вай ду кхузахь хIара мохк ларбеш а, ларбина а, ларбийр болуш а, хIунда аьлча, Дади-Юьртарчу наха вайна дика масал гайтина».

Дади-Юьртарчу мехкарша шаьш салташа Теркал дехьа бохучу хенахь гайтина хьуьнар бахьана долуш, церан сийнна кхайкхийна ду Нохчийн зудчун де даздар.

Республикин Яздархойн союзан декъашхоша оцу хиламна лерина байташ а йийшира, иллиалархоша нанна, Даймахкана лерина иллеш а элира.

Л.ИБРАГИМОВА
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: