Нохчийн Республикехь дIаяьхьна Ерригроссин экологин диктант

Россин Федерацин юкъарчу дешаран учрежденешкахь доьшуш болчеран экологин хаарш тIедузаран Iалашонца товбецан (сентябрь) беттан 12-чу дийнахь Республикин эколого-биологин туьшахь Ерригроссин экологин диктант хилира.

Россехь экологин диктанташ дIахьош ю Берийн федеральни эколого-биологин туьшо а, коммерцин йоцчу «Равноправие» автономин организацис а, Россин Федерацин Федеральни Гуламан Федерацин Советан аграрнокхачанан политикехула а, Iаламах пайдаэцарехула а йолчу комитетан гIоьнца. Ткъа вайн республикехь Ерригроссин экологин диктант дIаяьхьира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон куьйгаллица. Иза вовшахтоьхнарг ю Республикин эколого-биологин туш.

Экологин диктантехь дакъалоцуш вара ТIехьа-Мартан, Грозненски, Гуьмсан, Курчалойн, Теркан, Соьлжан, Шелковски, Шелан кIоштийн экологин станцийн, Устрада-ГIаларчу Къоначу натуралистийн а, экологийн а туьшан, иштта, Соьлжа-ГIаларчу Ю.Д.Дешериевн цIарахчу лингвистикин №2 йолчу школин 12–16 шераш долу 27 дешархо.

Ерригроссин экологин диктант кхаа муьрехь дIахьош ю. Хьалхара мур дIабаьхьна Москва гIалахь хIокху беттан 6-чу дийнахь, шолгIаниг (коьртаниг) – Россин Федерацин субъекташкахь, кхоалгIа (дерзоран) мур, жамIаш а деш, тоьллачарна совгIаташ а луш, Москвахь хир бу.

Республикин эколого-биологин туьшан директора чIагIдарца, Нохчийн Республика хIокху шарахь дуьххьара дакъалоцуш ю Ерригроссин экологин диктантехь. Цу тайппанчу мероприятешкахь а, диктанташкахь а дакъалацарца дешархойн аьтто хуьлу экологин декъехь долчу шайн хаарийн тIегIанан мах хадо. Иштта, муьран зорбанан а, юкъараллин а декъашхойн тидам тIебохуьйту дешархойн экологин хаарийн тIегIанна.

Билгалдаккха деза, Ерригроссин диктант дIаяхьар нисделла Нохчийн Республикерчу юннатийн боламан 80 шо кхачарца.

Диктантан берриге а дакъалацархошна Берийн федеральни эколого-биологин туьшан сертификаташ делира.

Коьртачу муьран диктантан толамхошна Берийн федеральни эколого-биологин туьшан дипломаш лур ду.

Л.ДАУТОВА
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: