Ловзар шарделла дIадоьдуш дац

Футболах ловзарехь Россин Премьер-лигин кху шеран чемпионатехь Нохчийчоьнан коьртачу командин – «Ахматан» – ловзар шарделла дIадоьдуш дац. Дагахь доццу хIума дуьхьал а долий, оьшу иза, стохкачул кхин вон ловзуш яцахь а. Иштта нисделира 9-чу турехь а.

Дона-тIерачу-Ростовехь меттигерчу «Ростов» командин футболисташца ловзуш бара вайн футболисташ. ХIусамдайша кест-кеста деш хилла ира тIелатарш говза юха а детташ, аьтто баьллачу минотехь шайн тIелатарш вовшахтухура «Ахматан» футболисташа.

Ишттачу цхьана тIелатарехь «Ростовн» футболист шен гIуданан майданахь куьйгаца левзира. Суьдахочо бакъо елира «Ахматана» 11 меттера гIуданан тохар дан. Оцу бакъонах говза пайдаийцира вайн футболиста О.Рошис. Цо тоьхна буьрка ца лацаелира хIусамдайн голкипере.

ЖамI 0:1 долуш чекхъелира хьалхара тайм.

ШолгIачу тайман юьхь а кхин хийцам боцуш дIайоьдура.

Делахь а, «Ахматан» кевнахочуьнгара В.Гудиевгара гIалат делира, «Ростовн» футболиста В.Еременкос геннара тоьхна буьрка схьалоцучу хенахь. Цунах пайдаийцира А.Байрамяна – 1:1.

Цул тIаьхьа, 7–8 минот ялале, кIоршаме ловзарна, майданара дIаваьккхира «Ахматера» А.Швец. Иза дIаваьккхина ши минот а ялале, хIусамдайша шолгIа гол а туьйхира вайн кевнна чу – 2:1. Иза матчан 64-чу минотехь хилира. Гол тоьхнарг М.Норманн вара. Цул тIаьхьа а шина а агIорчеран аьтто бара цхьаьнакхетаран жамI хийца.

Делахь а, иза кхин хийца ца луш чекхъелира матч. Ростовхоша ирачу къийсамехь рогIера толам баьккхира, ткъа соьлжахойн юха а эшаран къахьо лан дийзира.

РогIерчу турехь, товбецан (сентябрь) беттан 22-чу дийнахь «Ахмат» шен цIахь «Крылья Советовца» ловзур ю.

Хь.САЙДАЕВ
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: