Кегийрхошна халкъан истори а, культура а йовза лаьа

Соьлжа-ГIалин №1 йолчу лицейхь кегийрхошна доьзалан мехаллех лаьцна дуьйцуш йолу семинар дIаяьхьира. Иза дIаяьхьира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, регионан юкъараллин «Студенческая молодежь» организацица цхьаьна.

Семинарехь дакъалецира нохчийн къоман гIуллакхашкахула волчу эксперта, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана а, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон доьзалан политикин а, студентийн кегийрхойн а белхан отделан коьртачу говзанчас Гайраханов Мохьмада а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIе латторан департаментан говзанчас, Iеламстага Дудаев Iабдул-Рахьмана а.

– Говзанчаша, кегийрхой кхетачу маттахь, дийцира нохчийн доьзалшкахь лело дезачу гIиллакхех а, доьзалан дикачу ламастех а лаьцна. Дадаев Сайд-Хьасана, масалш далош, дийцира нохчийн гIиллакхех лаьцна. Уьш, дукха хьолахь, некъаца вогIуш-воьдуш а, юкъараллехь а лелочу гIиллакхех доьзна дара. Масала, новкъа вогIуш масех стаг велахь, царах муьлхарниг хила веза аьтту я аьрру агIор хIоьттина; маршалла хьаьнга, хьан хотту хьалха. Цхьаьнакхетар дерзош, Дадаев Сайд-Хьасана шен «Воккха-Дадас – нохчийн гIиллакхех» книгаш елира кегийрхошна. Иштта цхьаьнакхетарш, цигахь бина хьехамаш пайдехь бу кегийрхойн ийманехь кхетошкхиоран балхахь, – билгалдаьккхира М.Гайрахановс.

«Вайн кегийрхой нохчийн къоман диканиг, оьзданиг довза лууш хилар гира суна тахана. Цаьрца къамеле довлуш хила деза вай. Ца деза лаккхара трибунашна тIера, церан гуонашкахь дийца деза, церан хаттарш хезаш а дийца деза. Юккъехь херо хилча ийзалуш хуьлу кегийрхой, амма шайца къамеле ваьлча, хаало, уьш вайн къоман гIиллакхаш довза лууш хилар. Вайн къоман гIиллакхашца а, историца а церан бала хилар. Эрна дац кегийрхошца дIахьо кхетошкхиоран цхьаьнакхетарш», – билгалдаьккхира С-Хь.Дадаевс.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: