«Луисанна» йовзийтар…

Вевзаш волчу журналистан, «Столица+» газетан коьртачу редакторан Закриев Iийсан «Луисанна» книга зорбанера араяьллера хьалхуо.

ХIокху деношкахь, автора Соьлжа-ГIаларчу «Best Time» кафехь (НПУ-на юххехь) книгашъешархошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Книга йовзийтарехь дакъалоцуш яра Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан гайтамаллин искусствон кафедрин доцент, Нохчийн Республикин хьакъйолу суьрташдахкархо Дадакаева Элита (цуьнан дIадолорца вовшахтоьхна яра мероприяти), СМИ-н векалш, I.Закриевца цхьаьна дешнарш, цуьнан накъостий, студенташ.

Цхьаьнакхетар дIадолош, Закриев Iийсас элира: «Дуьххьара хIара книга ас ненан маттахь язйинера. Цул тIаьхьа, дозанал арахьарчу доттагIаша шайна а еша ма лаьара, оьрсийн маттахь язъяхьара аьлла, дехар дича, иза кхочушдеш, нисделла хIара оьрсийн маттахь зорбатохар, ас а, сан накъосташа а гочйина. Книгина юкъахь, фэнтезин жанрехь (фэнтезин жанрехь яздинчу дийцарийн къастаман агIо ю девзаш долчу туьйранера а, автора шен ойланехь кхоьллина а турпалхой юкъахь хилар) яздина, диъ туьйра ду: «Луисанна», «Колючая изгородь», «За семью горами», «Сувенир из Египта». Массо туьйранехь санна, царна юкъахь а бу дика а, вуон а нах. Дикачу турпалхойх ю Луисанна. Долахьчу доккхачу цIийнан уьйтIарчу зезагашна юкъахь ехаш ю жима йоI. Сагалматашна юкъахь дуккха а доттагIий бу цуьнан. ЙоIаца харцо лелош бу мозанийн паччахь Бяца. Цуьнца «тIом» хуьлу Луисаннин доттагIийн. Дерриге а адамашна диканиг хила лууш йолчу Луисаннас толам боккху харцонна тIехь. Оьрсийн туьйранехь вайна евзинчу Дюймовочкин барамехь жима йоI ю Луисанна…».

Дадакаева Элитас элира: «Таханлерчу дийнахь хIара санна литературин кафе хилар а, хIокху чохь яздархойн шайн кхолларалла, хаза а хеташ, йоьшуш болчаьрца цхьаьнакхетарш дIадахьа аьтто хилар а доккха хIума ду. Хууш ма-хиллара, тахана дерриге а адамаш интернет-ресурсашка дирзина. Суна хаьа, дукхахболчарна хазахета книга ешаран меттанна mp3-га ладогIар. Халахеташ ду, книгаш йоьшуш берш кIезиг хилар. Ткъа хIокху тайпанчу цхьаьнакхетарша, яздархочуьнца къамел дан аьтто хиларо, суна хетарехь, юьхь юьллу ешарна адамаш тIедерзорна. Вайна махаъара, ешаро чIогIа кхиаво стаг, иза мехала гIуллакх ду. Хьан аьлла дага ца догIу суна, чIогIа дика аьлла ду: «Мискачу нехан яккхий телевизорш ю, хьал долчу нехан – яккхий библиотекаш». Цундела, иза чIогIа мехала ду. Синан кхиар цкъа а ца хиллачу кепара вайна оьшуш гIуллакх ду. Вайн кегийрхошна пайдехь цхьаьнакхетар ду хIара. Литературина а, поэзина а вайн кегийрхой тIеберзоран юьхь хилла хIара цхьаьнакхетар дIахIуттург хиларан шеко яц».

Закриев Iийсас Нохчийн пачхьалкхан университетан буха тIехь йолчу лицейн студентийн хаттаршна жоьпаш делира. Масала, «Вайн махкахь хиллачу хиламашца доьзна, дагахь вуй хьо историн книга арахеца?», аьлла, хаттарна жоп луш,

I.Закриевс элира: «Карарчу хенахь со сайн шолгIачу книги тIехь болх беш ву. Цу юкъа даханарш кегий дийцарш ду. Царах цхьадерш ас Facebook чу даьхна а ду».

Кегийрхошна «Луисаннин» автор вовзарх а, цуьнца къамел дан аьтто хиларх кхаъ а хилира.

Автора баркалла элира «Best Time» кафен куьйгаллина а, ша лерина цига баьхкинчарна а.

Л.ИБРАГИМОВА
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: