Шелковски кIоштарчу Шелковски юьртан Культурин цIийнехь Къилбаседа Кавказерчу гIалагIазкхийн халкъан кхоллараллин «Гуляй, станичники!» фестиваль дIаяьхьира.

Иза дIаяьхьира Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо.
Фестивалехь дакъалоцуш гIалагIазкхийн культурин векалш хилла ца Iаш, шайн культура йовзуьйтуш, Ерригроссин а, регионашна юкъахь а дIахьочу фестивалашкахь а, конкурсашкахь а жигара дакъалоцуш йолу Нохчийн Республикехь дехачу халкъийн культурин коллективаш а яра.
Цул сов, Ставрополан махкара халкъан «Цхьаьна ирсе ду» вокальни тоба а, Дагестанан Республикера гIалагIазкхийн эшарийн пачхьалкхан ГIизларара ансамбль а яра фестивалехь дакъалоцуш.
Фестивалан беза хьеший бара Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан а.
Йоккха яра фестивалан программа. Гала-концерт а, «ГIалагIазкхийн базар» гайтам-ярмарка а хилира декоративни-прикладни а, изобразительни а искусствийн говзанчийн белхаш бовзуьйтуш.
Хьешашка а, дакъалацархошка а маршаллин дош элира Шелковски кIоштан администрацин куьйгалхочочун заместитела Арсункаев Шамхана а, Халкъан кхоллараллин туьшан директора Даудов Рамзана а.
Къилбаседа Кавказан гIалагIазкхийн халкъан кхоллараллин фестиваль дIайирзира дакъалацархошна дипломаш а, мехала совгIаташ а даларца.
Иза дIаяхьаран Iалашо яра Къилбаседа Кавказехь гIалагIазкхийн культурин шатайпаналла йовзийтар а, кхиор а, цуьнан кхечу халкъийн культурашца йолу зIе гайтар а, гIалагIазкхийн шайн кегийрхой кхиорехь культурах пайдаэца дезаш хилар хаийтар а.
З.ХИЗИРОВА
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо