(Нохчийн композитор Димаев Сайд-Эми вина 80 шо кхачарна лерина)
Нохчийн къоман яхь, юьхь, дозалла хилла лаьттинчух цхьаъ ву пондарча Димин Iумар.

1939-чу шарахь Москвахь дIаяьхьначу халкъан мукъамийн гIирсийн говзанчийн Ерригсоюзан I-чу конкурсан лауреат хилла иза. Цигахь Кавказан мукъамаш дукха говза кхочушбарн, совгIатана, Сталин Иосифа, шен пхаьрсара схьадаьккхина, сахьт деллера цунна.
Кхин цхьа хазахетар а хилира Димин Iумаран дахарехь оцу шарахь: хьаьттан (август) беттан 24-чу дийнахь Iумаран хIусамнанас Асета кIант вира. Цунна Сайд-Эми цIе тиллира Iумаран доттагIаша. Цуьнан цхьа ирс хиллера – хаддаза мукъамашна юкъахь хьалакхиар.

ПохIмечу адамийн доьзалехь дуьнен тIе валар а лара мегар дара, цхьана агIор, ирсан дакъа: Сайд-Эмин нана Асет Соьлжа-ГIаларчу радиокомитетехь, эшарш лоькхуш, солистка яра. Ткъа да, радиокомитетехь болх барал сов, Нохч-ГIалгIайн къоман театрехь, оцу муьрехь кхоьллинчу Нохч-ГIалгIайн хелхаран а, эшарийн а ансамблехь солистан-пондарчин болх а, керла мукъамаш бохуш а вара.
Дийца даьккхинчуьра аьлча, берриге а 40 сов мукъам бу Димин Iумара баьккхинарг.
ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь дуьйна, ерриге а Къилбаседа Кавказехь вевзаш пондарча вара Димин Iумар.
Бакъду, ХХ-чу бIешеран 40-гIа шераш, дерриге а советийн халкъашна санна, шийла даьхкира нохчийн халкъана, цуьнца цхьана Димин Iумарна а.
Цкъа делахь, 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелира. Кхиболчу артистийн санна, ЦIечу Эскаран бIаьхошна хьалха хIитточу концерташкахь дакъалаца дийзира нохчийн артистийн а.
ШолгIа делахь, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу Iуьйранна дерриге а нохчийн халкъ махках доккхуш, дай баьхна латта, сил дукхаеза Нохчийчоь йитина, хийрачу махка новкъавала дийзира Димин Iумаран а шен доьзалца.
Пхи шо кхаьчна вара Сайд-Эми нохчийн халкъ махках доккхучу хенахь. Амма, хIетахь гина, лайна халонаш дика дагайогIура цунна. Наха санна мацалла, шело, гIело, харцо кхеран а лан дийзира.
Делахь а, Сайд-Эмин экамечу даг чохь дисинарш, дас церга балда лаьцна, дина къаьхьа къурдаш, ненан елхар дара. Цу хенахь кIантана кхета хала дара ден-ненан даг чохь хиллачух.
Делахь а, заманан йохалла и дегаIийжаме сурт дагара ца делира цунна. Кхечу адамаша юучух-молучух, тIедухучух-когадухучух кадиттинехь а, шийлачу новкъа шаьш дохуш, Димин Iумара, катоьхна, схьаэцнарг пондар бара.

Кест-кеста цуьнца балхабора цо ша арабаьккхинчу некъан бала а. 400 гергга халкъан мукъам дагахь хаьара Iумарна. Сайд-Эми а вара цуьнан говзачу куьйгаша комаьрша Iана оьхиуьйтучу исбаьхьачу мукъамийн йийсарехь.
Дас говза лоькхучу пондаре ладоьгIуш, жимачу кIантана хаалора башхачу мукъамийн тIеIаткъаман цхьа шатайпа ницкъ. ТIаккха цунна а лиира и пондар лакха, Iама, адамийн догъэца, къизачу харцоно шелйина махкахойн ойланаш тайначу мукъамца хьостуш, йохъеш, тIомаяха.
Цу хенахь жима хиллехь а, Сайд-Эми тешна вара, цкъа мацца а, и говзалла ша караерзориг хиларх а, адамийн синош зевнечу мукъамашца йийсаре лоьцуш, ша вехарг хиларх а.
Фрунзен областерчу Калининан кIоштана йисттехь Iуьллучу Карабалты юьртахь дIатарбира Димин Iумаран доьзал. Кавказехь къоман дозалла хиллачу пондарчин хьуьнар а, цуьнан башха говзалла а цхьамма а тидаме ца ийцира юьхьанца.
Сталинан хьадалчаша «даймехкан мостагIий» цIетилларо бакъонех хедийна бара берриге а нохчий. Амма шегахь доьналла, синъондалла йолчу пондарчас яхь дIа ца елира. Уггаре а деэшначу меттехь, пондарх катухий, хелхаран йиш локхуш Iедал дара Iумаран. Цуьнан пондаран зевнечу озо схьагулбинчу лулахойх цхьаъ хелхарна хьалаэккхара, вота тоха стаг а каравора.
Хелхарна нохчий даима а тIера бара. Хийрачу махкахь а ца диталора цаьрга и гIиллакх. Шовкъечу хелхаро гIайгIа эккхайора, сингаттам дIаайбора, буьрсачу халонашна къар ца бала ницкъ лора.
Дукха хан ялале, гIиргIизошна хиира нохчашна юкъахь говза пондарча хилар. ТIаккха цара иза шайн ловзаршка, тойнашка вуьгура. Димин Iумара гIиргIизойн, казахийн мукъамаш Iамийра. И бахьанехь доьзална напгIа латто гечо карийра цунна.

Карабалтыхь вахара Сайд-Эми юккъерчу школин хьалхарчу классе деша. Школа чекхъяьккхина валале, цунна нохчийн пондар Iемира, цунах тоам ца беш, фортепьяно а, Iад-хьокху пондар а Iамийра цо.
Вайнахана цIаберза бакъо йолучу 1957-чу шарахь юккъера школа чекхъяьккхина волуш вара Сайд-Эми.
Музыкин училище деша ваха луучу жимачу стагана, ша винчу гIалахь и гIулч яккха аьтто хилар мерза кхаъ бара. Генарчу ойланашка вийлар доцуш, цо цунах пайдаийцира.
1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин музыкин училище деша воьду иза. Композиторан говзалла яра цо шена билгалъяьккхинарг. Кхуьнан хаарийн тIегIа теллинчул тIаьхьа, мукъамийн профессора, СССР-н искусствийн хьакъволчу гIуллакххочо Шарогородский Леонида шен классе дIаийцира кIант.
Л.Шарогородский махкахь дика вевзаш мукъамча вара. Дуьненчу валар 1901-чу шарахь Киевехь хиллера цуьнан. Юккъера школа, консерватори цигахь чекхъяьккхинера.
ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь дуьйна, Соьлжа-ГIалахь Iийна, вайнехан мукъамаш дукхабезаш вара Леонид Матвеевич. Мепурнов Георгий Христофоровичца цхьаьна вайнехан халкъан мукъамийн гIирсийн оркестр вовшахтухуш къахьегна вара. Мукъамийн хьаьрмахь воккха говзанча ларалуш а вара.
Вайнах цIерабаьхча, Сталинан политикина реза воцуш, ларамаза багара масех дош даьлла хиллера цуьнан. И «ледарло» бахьанехь, дукха хьийзина, НКВД-н ларми чохь хан яьккхина а хиллера. Вайнахана цIаберза бакъо яларо дог ир-карахIоттийна, хьийзаш хиллера, цхьаболчарна товш ца хиллехь а.
Иштта, воккхаверца а дIаоьцу цо шен классе Димаев Сайд-Эми а. Муьлххачу хьехархочунна санна, хазахета Леонид Матвеевичана Сайд-Эми дешарна тIера волуш, похIмин цинцаш жимачу стагехь долуш.
Училищехь Iамийна Iаш вацара хьехархо шена дукхавеза студент. Соьлжа-ГIаларчу ЦIечу Фронтовикийн урамехь (хIинца Лорсановн цIарах урам) №15 йолуш цхьа хаза пхи гIат долу цIа дара искусствехь къахьоьгу адамаш чохь Iаш: Хамидов Iабдул, Эсамбаев Махьмуд, Батукаев ХIарон, иштта дуккха а кхиберш. Шарогородский Леонид а вара оцу цIа чохь петар йолуш.
Димаев СайдЭмина даима а йиллина яра оцу петаран неIарш. Иза кесткеста хуьлура шен хьехархо волчохь. Дарх цкъа а кIорда ца деш, къамел а хуьлура цу шиннан дан.
ТIаьхьо, ша Москварчу лакхарчу дешаран кхерчахь доьшуш волуш а, хьажа-хIотта Соьлжа-ГIала кхаьчча, хьоме хьехархо волчу хIусаме кхочура Сайд-Эми.

1963-чу шарахь велира Димаев Соьлжа-ГIалара мукъамийн училище кхиамца чекхъяьккхина. Цу шарахь вахара Москварчу йижарийн ГнесингIеран цIарахчу мукъамийн институте деша а. Соьлжа-ГIалара хьехархо мел дика хиллехь а, Москварчу лакхарчу дешаран кхерчан таронашка ца кхочура кхузара хьелаш.
Цунах сиха кхийтира боккхачу лаамца дешарна тIевоьлла жима стаг. Профессор Эйгес Олег вара кхеран курсан куратор. Дика хьехархо а, воккха мукъамча а вара иза.
Бакъду, Сайд-Эми цунахчул а воккхавера Хачатурян Арам Ильич институтан тхов кIел вовза шен ирс хиларх. Оцу муьрехь дуьненна гIараваьлла композитор вара мукъамийн эла ларалуш волу Хачатурян Арам. Цуьнан цхьа а лекци, мастеркласс тIех ца туьлуьйтура Сайд-Эмис.
Доккха зеделларг долчу мукъамчас, музыкин къайленаш йовза хьаьгначу студентийн синкIоргене кхачош дора къамел. Муьлхха а корматалла говзаллин лаккхарчу тIегIане яккха, цкъа делахь, корматалла езаш хила веза, шолгIа делахь, де-буьйса ца лоьруш, цунна ваца кийча хила веза олура цо студенташка.
Вацар-м хьеха а хIунда дора, дерриге а шен къона дахар дIадала кийча вара Сайд-Эми безаш хаьржинчу балхана. Цунна цу тIехь дика доккха масал дара шен да.
Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Димаев Iумар хаддаза къахьоьгуш вара, кхоллараллехь яьккхинчу ирхенах цкъа а тоам беш вацара, даима а керлачу анайистте гечо лоьхуш вара.
1968-чу шарахь велира Сайд-Эми институт чекхъяьккхина. Диплом дохьуш цIавирзина къона говзанча ша дешначу Соьлжа-ГIаларчу мукъамийн училище балха дIаоьцу.
«Композитор-музыковед» говзалла яра цуьнан диплома тIехь билгалъяьккхина. Шина шарахь болх бо Сайд-Эмис училищехь. Цуьнца цхьаьна кхоллараллин болх а дIаболабо цо, керла мукъамаш бохуш.
Дуьххьара цо мукъам баьккхина илли «Кемсийн аре» цIе йолуш дара. Иза кест-кеста хезара радиоэфиррехь, ладогIархоша дезаш тIеэцна а дара иза. КIезиг яцара Нохч-ГIалгIайн Республикин филармонерчу артистийн репертуарехь Сайд-Эмис мукъамаш баьхна романсаш.
Къилбаседа Кавказерчу симфонин оркестраша кхиамца кхочушъеш ю цуьнан концертан мукъамийн пьесаш, фортепьянона лерина йолу прелюдеш, вариацеш.
Кавказан ерриге а республикашкахь езаш тIеоьцуш ю Димаев Сайд-Эмис язйина «Къинхетаме йиша» музыкин поэма.
1970-чу шарахь Сайд-Эми Нохч-ГIалгIайн республикин пачхьалкхан филармонин исбаьхьаллин куьйгалхо хIоттийра. Хала дукъ дара къоначу говзанчас шена тIелоцуш дерг. Амма шен халкъ а, мохк а безаш хьалакхиъначу композиторна мелла а хийцамаш бан лаьара къоман эстрадехь.

Хийцамаш аьлча-м нийса ца хила там бу иза. ЧIогIа ледара хьал дара нохчийн эстрадехь. Цхьашиъ велахь, кхин артист вацара вайнахана юкъахь керлачу кепара илли дIаолуш. Нохчех цхьа Буркаев Мовлад вара, гIалгIайх Барахоев Мустафа вара наггахь эфирехь хезаш. Иза данне а дац Нохчийчохь иллиалархой бацара бохург. Церан къелла Нохчийчохь цкъа а ца хилла.
ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь массарна дукхабезаш иллиалархой бара вайн махкахь. Царна юкъахь вара: Дагаев Валид, Шаипов СаьIид, Магомедов Султан, Ганаев Олхазар, Эльмурзаев Бека, Бушуев Мохьмад, иштта дуккха кхиберш а.
Амма уьш нохчийн халкъан мукъамийн гурашкахь илли олуш бара. Ткъа эстрада, хьалхара зIийдиг таса, эгIаза ка-мIараш етташ яра. Цундела Димаев Сайд-Эмих даьлла беркат хета Нохчийчохь керла тобанаш юкъайовлар.
Массарел хьалха кхоьллинарг вайнехан халкъан иллийн тоба яра, кегийрхой схьагулбина. Иза къеггина тоьшалла ду шен къоман культура, барта кхолларалла Сайд-Эмина дукхаезаш хиларна. Тобанан цIе «Илли» яра. Репертуараца, духарца, мукъамийн гIирсашца, баккъал а нохчийн ансамбль яра иза.
Цул тIаьхьа гучуелира «Самукъане сахьт», Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста Эдисултанов ШитIас вовшахтоьхна похIме тоба. «Шовда», «Зама», «Ичкерия», иштта кхин а мел яра уьш, Сайд-Эми Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан филармонин исбаьхьаллин куьйгалхо волуш, юкъайийлина тобанаш.
Ткъа иллиалархой мел дукха бевзира вайна оцу хенахь: Усманов Iимран, Дадашева Тамара, Дудаев Зеламха, Ульбиев Хизар, Даудов Рамзан, Азиева Маьлх-Аьзни, Ташаева Марем, Токкаев Сулейман, Абдулкеримов Илес, иштта дуккха а кхиберш.
Сайд-Эмис гIо-накъосталла деш, цуьнан беркатечу Iуналлехь кхоллараллин новкъабевлла бу тахана къоман дозалла хилла дIахIиттина и артисташ.
1980-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан телерадиокомитетехь йолчу оркестран куьйгалле хIоттаво Сайд-Эми.
Бакъду, балхахь миччанхьа хилча а, гIо-накъосталла оьшучунна орцаха ца волуш, цкъа а Iийна вац иза. Даима, бер санна, воккхавийна Нохчийчохь гучудолучу хIора похIмечу адамах.
Нийсачу новкъа воккхуш, цунна хьехар дина, шена хуург цхьаннах хьул ца дина. Массаьрца гIиллакхе, собаре, догцIена хилла. Вайнехан культура кхио лааро, алссам нохчийн мехкарий а, кегийнах а культурин хьаьттахь болх беш хила лааро Соьлжа-ГIаларчу музыкин училищехь беш болу хьехархочун болх цкъа а дIа ца тасийтина цуьнга.
Сайд-Эмина чIогIа лиъна, шен хаарш тIекхуьучу чкъурана дIадала, иза халкъана, махкана пайдехь хилийта.
1986–1991-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн республикин культурин министран заместителан болх бина цо. Амма, цкъа а, хьаькам вара аьлла, паргIатваьлла, кабинет чохь Iийна вац иза.
Сайд-Эми даима а лехамехь вара. Кхоллараллехь бина ца Iаш, и беркате лехамаш, дахарехь а, хаддаза беш Iедал дара цуьнан. РагI хIоттийна, массо а юьртахула чекхвелира иза похIме бераш лоьхуш.
Школашкахь, интернаташкахь кест-кеста цхьаьнакхетарш дора говза бераш довза лууш. Мукъамашца гергарло лоьхурш а хилла а ца Iара цо билгалдохурш. Цунна мегара сурт дилла хуург а, илли ала хуург а, хелха вала хуург а.
И тайпа бераш карийча, чIогIа самукъадолура цуьнан, цаьрца гергарло тосура, уьш шен тидамехь латтадора, тIаккха деша кхечу гIаланашка дIадахийта гIонакъосталла дора.
Димаев Сайд-Эмина ша декхарийлахь хетара къоман культура кхиоран гIаролехь латта. Цо цкъа а ца къастадора шен а, нехан а бер.
Нохчийн доьзалехь кхуьуш хилчахьана: «Вайн бераш», – олура цо массарах.
Шен бер доцуш, цхьалхависина, гергарчу синан безамах хьаьгна лелош дацара и гIуллакхаш. Цуьнан кхо ваша, йиша, оьзда хIусамнана яра. Шен деган комаьршаллица дерриге а дуьне маракъовла кийча волуш тамашийна стаг вар-кх иза.
Дикачу дас Iамийна хиларе терра, цуьнан юьхь ларъеш, дахарехула чекхвала лууш. Сайд-Эми къинхьегамхо вара. Керла мукъам ца боккхуш чекхдаьлла де эрна дайна хеташ вара.
Къаьсттина кхоллараллин гергарло дара композиторан къоман театраца. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь хIиттийначу дуккха а спектаклашна мукъамаш язбина цо.

1973-чу шарахь Москвахь дешна яьлла къоначу актерийн тоба Соьлжа-ГIала цIайирзира. Драматурган Шекспир Вильяман «Отелло» трагедии яра тобано шайн дипломни спектакль хIотто схьаэцнарг. Цунна мукъам язбира Сайд-Эмис.
Цул тIаьхьа Хамидов Iабдуллас язйинчу «Лийрбоцурш» турпалаллин пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль режиссера Хакишев Руслана хIоттош, цунна мукъам а язбира композитора.
Базоркин Идрисан «БIешерийн боданера» романа тIехь режиссера Солцаев Мималта спектакль хIоттош, мукъам язбар дийхира Сайд-Эмига. Хазахетарца, и дехар а кхочушдира цо.
Уьш боцурш а мел дукха мукъамаш баьхна цо. Царна юкъахь ю: камерни-симфонин, фортепьянона лерина, хорана лерина говзарш. Кхин цхьа а хIума Сайд-Эмис дина ца хилча, тIаккха а, нохчийн къоман культурин исторехь яха юьсур яра композиторан цIе, цо бина, дуьненан мехха болу, цхьа болх бахьанехь.
Дикачу ден дика кIант ша хиларе терра, Сайд-Эмис ноташка берзийна шен дас Димин Iумара кехат-пондарца балош (дIалокхуш) хилла мукъамаш.
«Сто шедевров из рук Умара Димаева» цIе а тиллина, зорбане яьккхина цо, халкъана, Iаламат мехала йолу и говзар. Вайна массарна Димин Iумаран, махбоцу беркат хилла дIахIоьттинна иза.
Кхолларалла евзачарна, езачарна, тIаьхьа тIедогIучу чкъурашна мерза кхаъ бу и тайпа говзар хилар. Нохчийн къомана тIе уггаре а хала мур хIоьттина зама яра Сайд-Эмис оцу говзар тIехь болх бан болийча. Буьрсачу шина тIеман юкъ яра иза.
Делахь а, шена хуьлучу халонашна къурдъаьлла, и мехала болх чекхбаккха хьуьнар, доьналла хилира композиторехь.
«И мехала болх чекх ца боккхуш дена дуьхьалваха бакъо яц сан», – олура цо вежаршка Iелига, Iамарбеке, шен йоIе Алитига.
ТIеман кегарехь дагахь доцург гуш меттиг кест-кеста нисъяларна, ларамза шена цхьаъ хилахь а, царна тIе дуьллура и болх чекхбаккхар а, къоман мукъамшца долу гергарло цкъа а гIелцадалийтар а.
Вайна ма-хаъара, дас безамца бекийна мукъамаш ноташка берзо Сайд-Эми ларийра, Iожалло сихо йинехь а.
2005-чу шеран бекарг (март) беттан 29-чу дийнахь кхин цкъа а ца тохадала сецира композиторан экаме дог.
Хьалха-МартантIехь, шен дена уллехь дIавоьллина Димаев Сайд-Эми. Шайн воккхахволчу вешин весет ца дохош, дай баьхначу лаьтта тIехь чубаха цIа дацахь а, тхов кIело яцахь а, нохчийн къоман мукъамашца долу гергарло гIел ца долуьйтуш, хьанал къахьоьгуш бу вежарий ДимаевгIар: Iела, Iамарбек.
Мукъамийн керлачу говзаршца кест-кеста вайн самукъадоккху цара. Нохчийн къоман культурина доккха беркат даьлла царах.
Димаев Сайд-Эмин доьзалх дерг аьлча, ши доьзалхо вара цуьнан: Алита – йоккхахйолу йоI, цул жима Iаьрби. Дукха жимачохь дуьйна, и ший бер а, мукъамийн къайленаш Iамаяйта, музыкин школехь доьшуьйтуш а дара.
Алитас Соьлжа-ГIалара музыкин училище кхиамца чекхъяьккхира, цул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет (немцойн, ингалсан меттанаш) чекхъяьккхира.
Соьлжа-ГIалахь дешарх таам ца беш, Алитас, Москварчу лингвисташ кечбечу университетехь дийшира.
Делахь а, болх бар-м шен ден санна, культурин хьаьттахь нисделла цуьнан. Тахана, Соьлжа-ГIаларчу музыкин школехь хьоьхуш ю иза, цкъа мацах шен дас санна, нохчийн берашна фортепьяно лакха Iамош.
Музыкин школа кхиамца чекхъяьккхина, Сайд-Эмин кIант Iаьрби, театран говзанчаш кечбечу Москварчу академи деша вахара, продюсерийн говзалла караерзо Iалашо лаьцна.
Дикка хан ю иза лакхарчу дешаран кхерчахь дешна ваьлла, кхиамца Москвахь болх беш волу а. Москварчу кхоллараллин дахарехь жигара дакъалоцуш ву Iаьрби, белхан накъосташа лоруш а, сий деш а ву.
Цкъа а шегара осала хIума ца долуьйтуш, гIиллакхехь, оьзда чекхволуш а ву. Цунна эхь дара шен да, деда санна ца хилча. Яхь йолуш адамаш дара уьш, нохчийн къоман дуьхьа даьхна. Церан похIмано серлаяьккхина вайн мукъамийн культура.
Вай хIорамма шайх дозалла дан хьакъ долуш, адамаш дара уьш. Цара нохчийн халкъан мукъамийн исбаьхьа дуьне довзийтина вайна, цунах марзо эцийтина, Iабийна, дегнаш хьистина, къоман сирлачу кханенах тешийна, дахаре безам чIагIбина.
Цундела вайна уьш биц ца ло.
Церан аматаш махкахойн дегнашкахь даха дисина массо а ханна.
А.ГАЗИЕВА
№71, товбецан (сентябрь) беттан 20 де, 2019 шо