Сейлмуханов Муса
Сейлмуханов Муса вина 1948-чу шеран 25-чу мартехь Казахстанехь.
1957-чу шеран гурахь Веданан районан Элистанжа юьрта цIа боьрзу церан доьзал. Юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, дай баьхначу юьртарчу школехь хьехархочун балха хIутту иза. Болх беш, доьшу Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь.
Цхьана муьрехь Веданан районан газетехь а, иштта республикин «Васт», «Даймохк», «Голос Чеченской Республики», «Права человека» газеташкахь фотокорреспондентан а, жоьпаллин секретаран даржашкахь а, масийтта шарахь «Терская правда» газетан коьртачу редакторан заместитель волуш а белхаш бина цо. Стихаш язъян волавелла 80-чу шерашкахь. Уьш зорбане йийлина республикехь арахоьцуш долчу газеташ тIехь а, журналаш тIехь а, Стихийн масех гуларан автор ву Муса – «Уьдучу шерийн лорах», «Жима доттагI», «Иллешка дирзина дош». Цуьнан цхьайолчу байташ тIехь даьхна иллеш дIаолу нохчийн иллиалархоша. Царах нахана уггаре а дезаделлачех ду «безаман дитташ» цIе ерг. Мусас жигара дакъалоцу Нохчийн Республикин Яздархойн союзан балхахь а, нохчийн маттана, гIиллакх-оьздангаллина лерина гIуллакхаш вовшахтухуш а. Бераш патриотически дог-ойланехь кхетош-кхиоран балхахь дуккха а шерашкахь беркате къахьегарна а, кхоллараллин балхахь билггал болу кхиамаш бахарна а Нохчийн Республикин Парламентан а, Правительствон а, ткъа иштта ведомствийн а цIарах а дукха сийлаллин грамоташца совгIаташ дина цунна.
Ткъа карарчу шеран бIаьста поэтана уггаре а боккха кхаъ хилла – Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указца цунна елла «Нохчийн Республикин халкъан яздархо» сийлаллин цIе. Тахана оха шун кхиэле юьллу М.Сейлмухановн масех байт.
БЕЗАМАН ДИТТАШ
Iаламе бIаьрг тухуш, со новкъа волу,
Лоьху ас бацалахь лар яйна тача.
Дог а деттало, ша карзах долий,
Безаман дитташ тIе сихвеш со кхачо.
Генара суна го уьш мохо лестош,
Замано нилхдина, тишделла генаш.
Мерзачу ойлано уьш доггах хьоьсту,
Лехьош IиндагIехь левзина хенаш.
Дас доьгIна кхиийна безаман дитташ,
Лаьтта уьш тийналлехь, дог Iовжош, гIийла.
Шаьш хьоьгуш, IиндагIийн марзо схьаетташ,
Шун хIонехь ойланца да лаьтти хийла…
Шийлачу гуьйрено шен мохехь хьийзош,
Кхоьхьу дIа дукха гена, мажделла гIаш.
Уьш леца гIерта со, цхьажиммал ловза,
Ву моьттий суо хIинца жималлин хьаша.
Iаламе бIаьрг тухуш, со новкъа волу,
Лоьху ас бацалахь лар яйна тача.
Дог а деттало, ша карзах долий,
Безаман дитташ тIе сихвеш со кхачо.
ДIаяхна бералла вуьтуш со генахь,
Ницкъ бац-кха и шераш юхнехьа литта.
Го суна вижначохь мерзачу гIенах,
Дас доьгIна кхиийна безаман дитташ
Дека иллеш
Далла хастам хуьлда, бераш,
ДIаяларна хала хан!..
Кхин дац хезаш къиза, дера
Лелха хIоьънаш, бомбанаш.
ХIун дара и, вайна гинарг? –
Боьлху наной, баланаш…
Лан хала дара махкахь хилларг:
Аьтта ярташ, гIаланаш…
Цу къизаллин Iазап лайна,
Халонех чекхдевли вай.
ХIинца-м, бераш, эшарш, иллеш,
Дахар хестош, хеза вайна.
Денна, денна хазлуш лаьтта,
КIотарш, шахьарш, майданаш.
Хьовсал дIаса–массо меттехь,
Дахар тодеш адамаш!
Ю вайн къоман цхьа ирсан къайле –
И хаа лаахь, бераш, аша,
Жимчохь дуьйна Iамаделаш
Нохчийн оьзда гIиллакхаш.
Дахар хаздан дац-кха атта,
Машар чIагIбеш, кхиалаш.
Ненан маттах марзо оьцуш,
Деша, даха Iамалаш.
Даймохк цхьаъ бу – вайн
Нохчийчоь!
Кхин вайн боций хаалаш.
Дика, вуо а цуьнца цхьаьна,
Доькъуш, бертахь дахалаш!
Сий де вай
Сий де вай хIора дешан,
Ненан маттахь олучу
Ларам бе вай хIора хьешан,
ГIиллакх дохьуш вогIучун.
ТIалам бе вай вешан мехкан,
Денна хазлуш гIоттучун.
Ларам бе вай тешам болчу,
Дог цIеначу доттагIчун.
Хастам бе вай Везачу Далла,
Ийман, беркат Латточунна.
Нийсачу новкъа адам доккхуш,
Вайна паргIато еллачунна.
Ойланаш
Ойланаш, сан деган седарчий,
Са бIарздеш, шу уьду пана.
Ойланаш, сан деган къайленаш,
Шуьца ю малх хьаьжна кхане.
Ойланаш, хIай мерза ойланаш.
Дуьненна гуонаш аш туьйсу.
Азаллехь сан сица кхоьллинарш,
ХIума дац сан шуьца къийса.
ГIиллакхна новкъа дерг дохош,
Шорделаш ас даьккхина тача;
Де доьхча, доьналлех ца вохош,
ГIорталаш со дикане кхачо.
Ойланаш, сан сирла ойланаш,
Ма чIогIа марздо аш дуьне..!
Бер санна, воккхаллех Iехош,
Аш дIало хIора а лаьтте.