«Россин шеран хьехархо – 2019»

КIирандийнахь Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь, даздаран хьолехь, схьайиллира Ерригроссин юбилейни «Россин шеран хьехархо – 2019» конкурс.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Чеботарев Сергей, Россин Федерацин Серлонан министран хьалхара заместитель Зенькович Павел, республикин официале нах, республикера а, Россин регионашкара а баьхкина бIеннаш хьехархой.

30-гIа юбилейн Ерригроссин конкурс вайн республикехь дIаяхьа аьтто хилла 2018-чу шарахь Хь.Ибрагимовн цIарахчу пачхьалкхан юкъарадешаран №1 йолчу школин обществознанин а, бакъонан а хьехархочо Динаев Iалихана толам баккхар бахьана долуш.

Мероприяти дIайолийра Нохчийчоьнах лаьцначу видеокийсакца. Цул тIаьхьа дош делира Р.Кадыровна. Цо элира: «Хьоме доттагIий! Даггара декъалдо шу Ерригроссин «Россин шеран хьехархо – 2019» конкурсан финал йолорца. Шух а, шун корматаллех а доьзна ду вайн сийлахьчу Россин пачхьалкхан хиндерг. ТIаьхьарчу шерашкахь республикехь дешаран а, Iилманан а декъехь хуьлуш баккхий хийцамаш бу. Оха керла ян а йина, то а йина 455 школа. Тхан дозалла хилла дIахIиттина математикин а, лингвистикин (коррекционни) а школаш. Цигахь кхачойина кхузаманан тоьллачу гIирсашца. Тхан хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо А-Хь.Кадыровс коьрта тидам тIебохуьйтура дешарна. ТIом марсабаьллачу хенахь хьехархошца цхьаьнакхетарш дIахьора цо, церан проблемаш, къастош, дIайохура. Ахьмад-Хьаьжа тешна вара хьехархочо халкъ кхиош хиларх. И дешнаш таханлерчу дийнахь шуьйра даьржина. Тхан хьехархой тайптайпанчу конкурсашкахь лауреаташ а, толамхой а хуьлу. Школа чекхъяьккхина бевлларш Россин а, Европин а тоьллачу вузашкахь доьшуш бу. БIаьрла хилам хилла дIахIоьттина «Россин шеран хьехархо – 2018» конкурсехь I.Динаевс баьккхина толам. Оха тхайн берриге а ницкъ тIебохуьйтур бу юбилейни конкурсан дакъалацархошна кхузахь йоккху хан кхоллараллин дезде хилла дIахIоттийта. Массеран а аьтто хуьлда шун! Дала тIаьхье беркате йойла!».

Цул тIаьхьа вистхиллачу С.Чеботаревс элира: «… ХIара жоьпаллин мур бу шуна. Конкурсехь дакъалоцуш Россин Федерацин ерриге а регионашкара 85 хьехархо ву. Стохка I.Динаевс толам баккхар бахьана долуш, Нохчийчохь гулделла вай. Кхузахь аш шайн хаарш тIедузур ду, шайн корматаллин тIегIа лакха а доккхур ду. Суна хетарехь, коьртаниг ду шу вовшийн довзар, вовшашца къамел дар, вовшашна зеделлачух пайдаэцар. Чулацаме программа ю шун Нохчийчохь. Цул тIаьхьа Москвахь хьехархочун денна леринчу даздаршкахь дакъалоцур ду аш. Кавказан къоьжачу лаьмнийн баххьаш санна керлачу хаарийн лакхенаш йохийла аш. Нохчийн Республикехь хьаша-да тIеэцаран хаза гIиллакх ду. Кхузара аш дуккха а хаза а, биц ца лун болу а дагалецамаш дIахьур бу шайца».

П.Зеньковича РФ-н Серлонан министран кхайкхам дIа а бийшира, конкурсан дакъалацархой декъал а бира финале бовларца.

«Шу кхузахь хиларо тоьшалла до шу шайн регионехь тоьлларш хиларна а, белхан накъосташна юкъахь шун сий-ларам хиларна а. Иштта шу хиларо вайна тешам ло Россин Президента В.Путина вайна тIедиллинарг – юккъерчу дешаран дикалла йолчу дуьненан 10 пачхьалкхана Россин юкъаяхийтар – кхочушдийриг хиларна», – элира П.Зеньковича.

Цул тIаьхьа хьешийн самукъадаьккхира республикерчу бевзаш болчу артисташа. Масала, М.Минцаевс, М.Межиевас, А.Айдамировас, хелхарийн «Башлам» ансамбло, и.дI.кх.

Л.ИБРАГИМОВА
№72, товбецан (сентябрь) беттан 24 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: