Кавказан халкъийн культурин а, спортан а X-гIа фестиваль

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу С.Билимхановн цIарахчу стадионехь дIаяьхьира Кавказан халкъийн культурин а, спортан а X-гIа фестиваль.

Иза схьаелларехь, беза хьеший санна, дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Байсултанов Одес, Кхарачойн-Чергазийн Республикин Куьйгалхо Темрезов Рашид, Россин Федерацин спортан министран заместитель Томилова Марина, ГIебартойн-Балкхаройн Республикин Куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдеш волу Коков Казбек, ГIалгIайн Республикин Правительствон председатель Суриков Константин, кхиберш.

Фестивалан юьххьехь командийн кхоллараллин тобанаша гайтира шайн регионийн тоьлла номерш.

Цул тIаьхьа концертан программа а, спортан командийн парад а хилира.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира къоман ловзар хIора къоман культурин тIум хилар.

– Кавказан культурин а, спортан а фестивало доккха маьIна леладо Кавказан халкъашна а, регионашна а юкъахь барт а, цхьаалла а чIагIъярехь. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а билгалдоккхура шен халкъ культурехь а, спортехь а, дешарехь а кхиамаш бахарца довзийта дезаш хилар. Ахьмад-Хьаьжас Нохчийн Республика меттахIоттор дIадолийра гIиллакхаш а, ламасташ а, культура а, спорт а юхаденъярна тIера, – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Къилбаседа Кавказан республикийн командаш къийсаелира спортан тайп-тайпанчу кепашкахь.

Нохчийн Республикин командо, 9 дашо а, 1 дато а мидалш а йохуш, хьалхара меттиг яьккхира.

ШолгIачу меттехь яра Дагестан Республика (1 дашо а, 5 дато а, 3 йоьзан а мидалш).

Ткъа кхоалгIачу меттехь – ГIалгIайн Республика (2 дашо а, 3 дато а, 2 йоьзан а мидалш).

Толамхошна мидалшца а, кубкашца а совгIаташ дира.

Кавказан халкъийн культурин а, спортан а фестивалан гимнаца ерзийра мероприяти.

XI-гIа фестиваль дIахьур ю Кхарачойн-Чергазийн Республикехь.

I.МУРТАЗОВ
№72, товбецан (сентябрь) беттан 24 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: