Доьхканашца латаран турнир

ХIокху деношкахь Карачаевск гIалахь (Кхарачойн-Чергазийн республика) дIаяьхьира доьхкаршца латаран (борьба на поясах) кегийрхойн схьайиллина турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин регионашкара спортсменаш.

Вайн республикера цигахь дакъалецира РСШ-н 18 спортсмена.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Цигахь хьалхара меттиг яьккхира Шовхалов Заура (90 кг.), шолгIа меттиг – Суркаев Аюба (90 кг.), кхоалгIа меттигаш – Темиров Хьумида (82 кг.), Магомадов Висхана (100 кг.).

Оцу кхиамашка спортсменаш кхачийнарг ву, церан тренер И.Мучураев.

Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№72, товбецан (сентябрь) беттан 24 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: