1928-чу шеран 17-чу апрелехь дIаболийна шен болх «Вайнах» радиос. 1999-чу шарахь цхьана-шина шарна юкъах бисира радион болх. ТIеман хенахь дохийра . «Радион цIа» Карарчу хенахь «Вайнах» телевиденица цхьана гIишло чохь ю радио. Радиохь масех редакци ю: юкъараллин-политикин а, берийн а, исбаьхьаллин а, и.дI.кх. Радиона куьйгалла деш ву «Вайнах» телерадиокомпанин директоран радион балхехула заместитель волу Джаватханов Рамзан. Вевзаш волу яздархо, Нохчийн Республикин хьакъ волу журналист Кусаев Iадиз ву радиохь шеф-редактор. Технически белхахой а тIехь, 30 гергга стаг ву цигахь болх беш. Билгалбаха лаьа 20–50 шерашкахь радиохь къахьоьгуш болу белхахой: Тарамов ХIарон, Эльмурзаева Роза, Исраилова Яха, Балаева Асет, Умарова Лиза. 1983-чу шарахь дуьйна Исраилова Яха радиоведующи болх беш а, «Мотт – къоман хазна» передача дIахьош а ю.
«ХIетахь-м нохчийн къоман гIиллакх, гIуллакх дIора сий-ларам болуш а дацара. Делахь а, со балха хIоьттичахьана дуьйна дIахьош ю ас «Мотт – къоман хазна» передача. Ас дукхахьолахь, яздархошца а, нохчийн меттан хьехархошца а дIахьо сайн передача.
Ас школехь доьшучу хенахь тхуна нохчийн мотт ца хьоьхура. Нохчийн меттан йоза суна Iамийнарг «Ленинан некъ», хIинцалера «Даймохк» цIе йолу газет ду. Тхан дас дохьура тхуна шортта газеташ. Иштта, цо деача, уьш доьшуш Iара со. ХIинца а «Даймохк» газетан керла номер гича, дашо хIорд гича санна, хазахета суна», – дуьйцу Яхас.
Иштта, «Районан дахар» цIе йолу передача а кечйо цо. Радион хIора белхахочо цхьана кIиранна шишша передача кечйо. Цхьана передачина лерина хан 20 минот ю. ХIораннан шен-шен передача ю. Масала, «Кхерчан йовхо», «Йовр йоцу цIе» Бакарова Луизас дIахьош ю, «Зударийн кхолламаш» – Гичаева Тоитас, «ПIераскан буьйса» – Шундулаев Iусмана, «Берийн дахар» – Умарова Лизас, «Доьзал» – Симбаригова Зараа, спортан керланаш – Лорсанов Хьамзата, «Сцени тIехь дахар» – Махмаева Маликас.
Хьал цадевзачунна-м радион белхахойн болх атта бу аьлла, хета а тарло. Делахь а, кхоччуш передача кечъян а, и хазъян а дуккха а къахьега деза. Вай тешна ду, тIейогIучу хенахь а «Вайнах» радиос беркате а, чулацаме а передачаш кечйийриг хиларх.
З.ЛОРСАНОВА