Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана хаам бина ма-хиллара, 2019-чу шарахь онкологин гIоьнан амбулаторийн 9 туш схьайоьллур ю Нохчийн Республикерчу 4 гIалахь. И гIуллакх кхочушдийр ду къоман «МогашаллаIалашъяр» проектан гурашкахь.

Оцу туьшашкахь онкологин лазарш долчу нахана химиотерапин дарбанаш лелор ду. Дийнахь хуьлучу стационаран хьелашца болх бечу туьшашкахь диспансеран терго латто аьтто хир бу дархойн.
«Шуьйра профилаш йолчу кIоштийн больницашкахь схьайоьллур ю юьйцуш йолу онкологин гIоьнан амбулаторийн туьшаш. Уьш хир ю Шелахь, Соьлжа-ГIалахь, Гуьмсехь, Хьалха-МартантIехь.
«Дарбанаш дина бевллачу нахана тIехь диспансеран терго латтор ю, цул сов, циггахь дийнахь йолчу стационарехь, химиотерапин курсаш еш, дарба дайта а аьтто хир бу. Кхузаманан химиотерапи, дархо шен балхана юкъах а ца волуш, яйта аьтто а бу, иза лан атта а ю», – дийцира министра.
«МогашаллаIалашъяр» къоман проектан гурашкахь онкологин цамгаршца къийсам латторна 4 миллиард соьман харж ян лерина тIаьхьарчу 5 шарахь.
Оцу ахчанах 811 миллион сом федеральни бюджетера а, дисинарг бюджетера доцчу хьостанашкара а хир ду.
Иштта, яккхий харжаш яро, вайн республикин онкологин служба кхиорехь а, онкологин цамгаршца бала хьоьгучу нахана химиотерапин а, хирургин а, зIаьнарийн терапин а дикалла лакхаяккхарна дика Iаткъам бийр бу.
«Оцу юккъе догIу амбулаторийн туьшашна медицинин тоьлла мехала гIирсаш эцар», – билгалдаьккхира Э.Сулеймановс.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№72, товбецан (сентябрь) беттан 24 де, 2019 шо