Кегийрхошна хьаннаш талларан а, Iалашъяран а гIуллакхаш марздаран Iалашонца Брянск гIалахь ерригроссин школийн хьуьнан бахаман съезд хилира. Россин 56 регионерчу школийн къоначу экологийн 60 тоба яра цигахь дакъалоцуш.

РогIера съезд лерина яра Ерригроссин школийн хьуьнан бахаман дуьххьарлера съезд хилла 70 шо кхачарна. Брянскан берийн могашаллатояран «Березка» лагерехь дIахьош яра съезд.
Нохчийн Республикера цигахь дакъалоцуш бара Гуьмсан кIоштан Эколого-биологин станцин къона экологаш Ахматов Дукхваха, Кадыров Аслан, Юнусов Муслим, шайн куьйгалхо Гезимагомадов Майрбек а волуш.
Съездехь дIахьош яра конкурсаш а, «горга стоьлаш» а.
Хьуьнан бахам Iалашбаран а, ларбаран а, кхиоран а, меттахIоттаран а теманашна леринчу конкурсашкахь дакъалецира нохчийн командо.
Иштта диттийн а, коьллийн а тайпанаш муха кхио деза а, муха дIадогIа деза а, хенан хIоттам а, Iаламан хьелаш а тидаме эца езаш хилар а билгалдоккхуш къамелаш дира «горгачу столехь».
Тобанашца я ша цхьамма дакъалаца дезаш бехкамаш бара конкурсийн.
Нохчийчуьрчу къоначу экологийн тобано «Хьуьнан гIаролхой» конкурсехь дакъалецира.
И конкурс масех декъе екъалуш яра: «Визитная карточка», «Лесное многоборье», «Лесная газета», «Фоторепортаж».
«Визитная карточка» декъехула нохчийн экологаша видеокийсакца презентаци йира школийн хьуьнан бахаман проблемашна тIе тидам а бохуьйтуш. Бовзийтира шайн школин хьуьнан бахам.
«Лесное многоборье» дакъа масех тема йолуш дара: «Таксация» – диттан шоралла а, йохалла а хаар, «Посадка леса» – Колесовн белаца хьуьнан тайпанаш нийса дIадогIар, «Лесовосстановление» – дитташ а, коьллаш а тIехь латийначу стоьмаца, я акха хIушца, я патаршца къасто хаар, цул сов, диттийн генашца а уьш довзар, «Зоологический» – акхарой а, олхазарш а аьзнашца довзар, церан баннаш мичахь хуьлу хаар, «Следопыт» – когийн лараш муьлхачу экхан ю хаар, иштта дуккха а дакъош дара хьун а, хьуьнан дахар довзарна а лерина.
Хьун – иза шена чохь кхин дахар долуш дуьне ду. Хьуьнахо жоьпаллин говзалла ю. Хьуьнахочунна довза деза хIора а диттан, куллан, бецан тайпанаш, акхарой лела некъаш, хIун акхарой, олхазарш ду хьуьнхахь дехаш, иштта дIа кхин а.
Ерригроссин школийн хьуьнан бахаман съезд 4 дийнахь лаьттира. ХIора а дийнахь дIахьош конкурсаш яра.
ХIора а конкурсехь жигара дакъалецира нохчийн къоначу экологаша. «Хьуьнан экологаш» конкурсехь хьалхара меттиг вайн махкахоша яьккхира. Массо а конкурсан толамхой санна, грамоташца а, совгIаташца а билгалбехира уьш.
2019-чу шарахь дIаяьхьначу 70-чу Ерригроссин школийн хьуьнан бахаман съездехь дакъалаьцначу хIора а дакъалацархочунна сертификаташ делира.
ВЕГИЕВА Макка
№72, товбецан (сентябрь) беттан 24 де, 2019 шо